Овхьад, тхоьга гӏо деха дукхе-дукха тӏаьхьа даьхкина шу. Шаьш гӏаттам кечбеш, тхоьца барт бан ма безара аш. Оха кхузахь областан начальник а, кхин масех лакхара хьаькам а вуьйр вара…
Максимовс йуха а сацийра лата кечвелла сан доттагӏ.
– Айхьа хӏун дуьйцу хаьий хьуна, Евгений Иванович? Цхьана буса хьаьвзина, халкъ гӏатто воллу хьо? Оцу гӏуллакхна даккхий бахьанаш а, бехха кечам а ма оьшу. Цул сов, зеделларг долуш куьйгалхой а.
– Бахьанаш кхузахь долуш ду оьшучул а тӏех: къоьлла а, ӏедалан харцонаш а, адамийн бакъо йацар а. Гӏаттамна тӏехь куьйгалла дар вайн – социалистийн, народникийн – организацис шена тӏе оьцур ду. Йуккъехула ала ас, цунна цхьа цӏе тилла а ма йезара…
– Йитахьа и хьайн хьере ойланаш, Евгений Иванович. Ши бӏаьрг биллина хьажа ма веза гӏуллакхе. Со цуьрриг а шек вац, кхузара оьрсийн бахархой шайн дог-ойланца гӏевттинчу нохчашкахьа хиларх. Амма таханлерчу хьелашкахь цара гӏо дийр дац нохчийн гӏаттамна.
– Хӏунда?
– Зорбанехь, килсехь, ӏедалхоша а лело пропаганда ца го хьуна?
– Лелор шайна! Ишттачу пропагандо цуьрриг а новкъарло ца йира оьрсийн муьжгашна, татарашна, башкирашна, мордавашна, марийцашна, чувашашна, кхечу халкъашна а, цхьаьна а кхетта, паччахьан самодержавина дуьхьал къийсамехь гӏовтта!
– Нохчашний, ахь цӏераш йаьхначу халкъашний йукъахь йаккхий башхаллаш йохку.
– Масала?
– Нохчашкара дӏабаьккхинчу махка тӏе охьаховшийна ма бу кхузара оьрсий.
– Башкирехь а дина изза. Хӏетте а, цигара оьрсий а, башкираш а къийсамехь даим цхьаьна гӏовтту.
Петра доккха садаьккхира, тхан доттагІчуьнга а хьаьжна.
– Хьомсара Евгений Иванович, ахь тидаме ца оьцу исторически хьелаш. Империн кхечу йистошкахь колонизаци йар машаречу хьелашкахь чекхделира ӏедалан. Нагахь дуьхьалонаш хиллехь а – цхьана йоццачу ханна, амма – тӏаме ца доьрзуш. Дуьхьалонаш хиллачохь а тоххара дицделла и мостагӏаллаш. Оцу йуккъе масех бӏе шо ма-доьлла. Кху Терка тӏехь а, паччахьан ӏедал чІагӏдалале, нохчий а, гӏалгӏазкхий а гӏиттина цунна дуьхьал цхьаьний. Масала, Булавинан заманахь. Хӏетахь гӏалгӏазкхийн, нохчийн цхьаьнакхеттачу отрядаша Гӏизларе дӏалаьцнера. Цул хьалха а, тӏаьхьа а дукха