ойла йора ас: дависа, хӏара санна, дешна, кхетам болуш масех бӏе стаг велара оцу маршо йезачу къонахчу халкъан. Тӏаккха ма гатте хир йара кхузахь паччахьан хьадалчашна!
– Ас йуха а боху шуьга, – дуьйцура Овхьада, – тхуна политически а, моральни а гӏо дан ницкъ а, аьтто а бу шун. Бахархоша гӏалина гонах йен чІагӏонаш совцор карательша Нохчийчохь дечу къизачу таӏзаршна йоккха дуьхьало хир йара. Шуна ма хаьа, хьалха тӏом болуш эзарнаш оьрсийн салтий а, эпсарш а цхьаьна нохчашкахьа бийлар. Хаьа, цхьа а тайпа шалхо йоцуш, уьш майра тхан маршонехьа летар а, эгар а. Хаьа, нохчаша уьш мел чӏогӏа лорура а. Шена дина дика ца дицлучу тхан халкъо, ша дуьненахь мел ду, шен даг чохь ларбийр бу оьрсийн халкъан и сийлахь кӏентий. Хӏара тхан гӏаттам болабеллачу йуьххьехь Герзель-гӏопера кхоъ оьрсийн салти ведда тхан агӏор. Цхьаъ вийна, шолгӏаниг лаьцна, кхоалгӏачун аьтто баьлла тхох схьакхета. Хӏинца гӏовттамхойн цхьана отряда тӏехь куьйгалла деш ву иза. Майра, хьуьнаре командир! Оцу масало гойту таханлерчу оьрсийн салташна йукъахь дуккха а тхох доглозурш хилар. Салташка а хаийтийша, оха латто къийсам вайн йукъарчу маршонан дуьхьа, вайн йукъарчу ӏазапдаллорхочунна дуьхьал хилар, тхайгахьа бевлларш оха, тхешан нанас бина вежарий, бӏаьхаллин вежарий санна, беза тӏеоьцург хилар.
Максимовн хьекъалечу дуьхьалоно сацийнера а хаац, йа Овхьадан довхачу къамело йийсаре лаьцнера а хаац, амма, мухха делахь а, цӏий сиха сан доттагӏ Евгений Иванович а леррина ладоьгӏуш ӏара.
– Дика ду, Овхьад, – элира Максимовс. – Тхешан ницкъ кхочург, тхешан аьтто берг дерриг а оха дийр ду, ала имаме.
– Тӏаьххьара а цхьа масех дош ала пурба лойша суна, – Овхьадна тӏевирзира Евгений Иванович. – Леррина дӏа ойла йича, баккъал а ӏаламат халачу, чолхечу хьелашка нисделла тхо. Ахь боху, бахархошка гӏалина гонах чӏагӏонаш йар сацадайта. Дика ду. Амма, гӏала дӏалаьцча, имам а, цуьнан гӏоьнчий а шайн дашах бухур бац, гӏовттамхоша нах бойъур бац, талораш а дийр дац аьлла, тӏе хьан лоцу? Хьо цивилизованни стаг а, тхан воккха доттагӏ а ву, Овхьад. Хьох теша тхо, амма бисинчех теша хала ду-кх…
Къона нохчо курра бӏаьра хьаьжира сан доттагІчунна.