Къайсаран садеӏар сихделира:
– Хӏан-хӏа, Деши, и ца леладалла къонахалла йу тхоьгахь, – кӏоршаме жоп делира цо эххар а. – Цхьа, тхаьш санна, миска-пекъар карор хир тхуна а.
Йоьӏан бӏаьргех девлла сирла хиш, бӏаьрнегӏарийн дехачу, дуькъачу чоьш тӏехь тӏадамашка а гулделла, беснеш тӏехула комаьрша охьахьаьлхира.
Къайсар вуьйхира.
– Суна моьтту къонахий ца хилла шу, – элира йоӏа дегочу озаца. – Ас шаьш ӏехош ду аьлла, дага-х деанерий шуна…
– Наха дуьйцу-кх…
– Со хӏунда ца ӏехало наха дуьйцучух?
– Хьанна хаьа хьан дагара…
Гуьлмаьндин тӏомаца бӏаьрхиш дӏа а хьаькхна, йуха а кӏоршаме Къайсаре хьаьжира йоӏ.
– Ахь ца вешаш цӏе йоху Хортӏин Овхьад хьол, Болатал догцӏена, оьзда карий суна-м, Къайсар. Буритӏара цӏа веача, шена со хьехор хиъча, меллаша кху хин коьрте а веана, суна хӏун хета хьаьжира иза. Делхьа, Овхьад, сан-м хьуна ала хӏумма а дац, хьан хӏусамнана хуьлийла суна-м йоккха сийлалла а ма йара, амма суна везаш кхин ву, ас цунна делла дош ду, бертаза ахь йигча а, суна иза цкъа а дагара вер вац-кх аьлла, ас шена жоп делча, цо соьга хӏун элира, хаьий хьуна? Бертаза со шена ца йигийта ша йукъара ву, цунах ма кхералахь, ткъа ваша воцчу Болатна ша ваша хир ву, хьуна баркалла хуьлда, элира-кх.
Къайсар, ша хӏун аьлла жоп лур ца хууш, нуьйран бухкарш къуьйлуш, говрана гонах хьаьвзира.
– Тхойшиннах нийса ца кхетта хьо, Деши, – элира цо, гаьллаш говрана бага а йоьхкина. – Хортӏагӏаьргахь безам бац тхан, хьерадаьллачу жӏаьлешкахьчул башха. Амма Овхьадна ала хӏума а дац. Цхьана а агӏор. Куьце, майра, оьзда кӏант ву. Хӏумма а шайн доьзале хьаьжна а воцуш. Овхьад дика кӏант а, цуьнан да хьолахо а хилар ма ду тхо кхерийнарг.
Шен кӏудал, схьаэцна, пхьаьрсах а тесна, Къайсаре хьаьжира Деши.
– Кхерам бац шуна. Овхьад сайна везаш хилча а, гӏур йацара со церан керта. Сайн мискачу хӏусамера а йаьлла йахана, церан лай хуьлучул, Болатан баьрчехь элан сту хилла ӏер ца тоьлу суна? – шен цӏеначу, зевнечу озаца гӏадйахана йелайелира йоӏ. – Цӏе-м дика йара хьан доттагІчун, амма мехкаршна хьалха хӏоьттича, хьаьрса поппар санна, кӏадло-кх. Хӏан, марша Іойла хьо!
Йоӏа цецваьккхина Къайсар, вехха цунна тӏаьхьахьоьжуш а лаьттина, кхоссавелла говра а ваьлла, накъосташна тӏаьхьаволавелира.