хилийтац, бохура Берсас. Къаьмнийн барт хила битац. Уьш цхьаьнакхета битац. Царна йукъахь мостагӏалла латтадо. ХІинца кхетта ӏаьлбаг Берсас дийцинчух. Дерриг а къаьмнийн барт муха хуьлу, кху лулахь дехачийн а ца хилча? Дегӏастанхоший, нохчаший бина барт а буьйхи, гӏуллакх дӏа а доладалале. ХІирий, гӏумкий, хӏокхеран шайн вежарий гӏалгӏай а бац гӏо деш. Мелхо а, царах нах бу хӏокхеран цӏий ӏано кхуза балийна. Иштта дуллу-кх ӏедало халкъашна йуккъе дов, мостагӏалла. Нийсса аьлча, ӏаьлбаган хӏун бакъо йу лулара къаьмнаш бехкедан? Цуьнан шен нохчий-м хьовха, тайпанан нах а бац ткъа хӏара эккхийна лелош? Цхьана къомах-м хьовха, цхьана тайпанах хиларх а ца хуьлу-кх вежарий. Цхьана динехь хиларх-м хиллане а хилац. Орцех, Чомакхах, Хьотех, ишттачу бӏеннаш нохчех вежарий хир бац цунна. Церан вежарий кхин бу. Инарлаш Вистунов, Мелик, полковникаш Нурид, Авалу, кхин а, кхин а хьал дерш, ницкъ берш берриг а. Уьш муьлххачу къомах, динехь белахь а. Цуьнан, ӏаьлбаган, вежарий кхин бу. Хьалхарчу дийнахь дуьйна цуьнца халонаш йоькъуш болу миска нохчий, суьйлий, ӏаьндой, оьрсийн салти Элса, муьжги Мишка.
Хӏара ойланаш тховса ма гӏайгӏане йу цуьнан! Догдиллар ду-те? Йа къонахалло дӏатаса воллу-те? Йа зудчун бӏаьрхиша дог кӏаддина-те? ГІуллакхаш вон-м, дера, ду, догдохийла а йоцуш. Амма чІеӏа оьшуш дац. Цкъа вина, цкъа лийр ву. Цуьнан ницкъ ца кхаьчна дисинарг тӏаьхьено чекхдоккхур. Цхьа а ца лазош, цхьаннех а цӏий ца долуш хир ма йац халкъана маршо. Иза а, и санна, эзарнаш хӏаллакьхиларх а, халкъ дуьсу. Халкъаш дуьсу. Хьанна хаьа, мацца а цкъа, цхьабарт хилла, гӏовтта а ма мега уьш. Кхетаме даьхкича. Цхьа, и саннарш боцуш, хьекъале нах коьрте хӏиттича. Амма гӏуллакхаш вон ду. И дена неӏалт хиларш, туркой жимма а хьалха гӏортахьара, ах мукъане а кхузара эскарш царна дуьхьал дига а мегара. Амма уьш цкъа а ца тоьлла оьрсел. Хӏинца толлане а тоьлур бац… Цхьаъ къуьйсу хир ду-кх цара а. Мискачийн дуьхьа-м ца къуьйсу хьуна цара. ХІокху паччахьаша лелочунна тӏаьхьакхиъна вер вац. Хӏор а воллу дерриг дуьне дӏакхалла гӏерташ. Хӏор а ву ша-ша бехказвуьйлуш. Кхин бехке веш.
Эрзан къолам шекъанна чу а ӏоьттина,