вевзира иза цхьанна.
– Цуьнца Жанхот а!
Шеца Солтмурд а эцна, хьалхара ха долчу Нуркишина а, Жанхотна а тӏевахара ӏаьлбаг. Кху тӏаьххьарчу шерашкахь къанвелла, азвелла Нуркиша, ӏаддаргӏа санна, хьаьвзинера. Ша деана гӏуллакх дийцале цкъа хьалха, шаьш, цхьана тайпана хиларал сов, гена довллаза гергара хилар а, Олдам уггар шена дукхабезачу нахах цхьаъ хилар а хаийтира Нуркишас.
– Тахана тхоьца воцург цхьа а гергара вац сан, – моллин къамел сацийра Іаьлбага.
– Тхо муха хуьлу шуьца, шу ӏедална дуьхьал гӏевттина хилча? – цӏогӏане мохь белира Нуркишин. – Бусалба хуьлда уьш, керста хуьлда уьш, – берриг паччахьаш делан лаамца хӏиттина ма бу. Паччахьан ӏедална дуьхьал гӏеттинарг далла дуьхьал ма гӏотту…
– И туьйра а дитий, шаьш хӏунда даьхкина, дийцал, – сацийра иза ӏаьлбага. – Хьоьга ладоьгӏуш, эрна хан йойъийла дац тхан. Йуккъехула аьлча, халкъ а ду Делан лаамца лелаш!
Нуркиша къелигваьлла хьаьвзира.
– Оцу Делан мостагӏаша йаккхий тоьпаш тоьхна йуьрта. Масех цӏа даьгна. Хьайн гӏоьнчанашца хьо шайна тӏе ца вагӏахь, ша йуьртах чим бийр бу, боху полконако…
– Ой, Нуркиша, и хӏун ду ахь дуьйцург? – велавелира Солтмурд. – Хӏинцца ма ву хьо, паччахьаш а, церан ӏедал а Делера ду бохуш, ткъа хӏинца, уьш Делан мостагӏий бу, бохуш воллу!
– Корта хьере хилла, Солтмурд! Тӏедуьйлийша ӏедална, ма эгийша зударийн а, берийн а къила…
– ДІавала, Нуркиша, осала хабар дуьйцу ахь, – човхийра иза Солтмурда. – Кхуза а веана, тхуна воьлхучул, зандакъой а гӏовттабай, тхуна гӏоьнна вола!
Солтмурдан буьрсачу хьажаро кхерийна Нуркиша ӏаьлбагна тӏевирзира:
– Айхьа ворхІ го баьхьначу Каӏабин дуьхьа, дехьа ӏедало хьайга бохург!
– ОстогІпируллахӏ! ДІавала суна гучуьра, со къила вожо воллу хьо! – човхийра иза ӏаьлбага.
– Инарла Орцас а боху шуьга, ӏедална тӏедуьйла, – йукъавуьйлира Жанхот, шен накъост бӏарзвелла а гина. – Паччахьал, цуьнан ӏедалал шу тоьлур дац, боху. Гӏа-бецан барамехь эскарш ду, боху, Нохчмахка догӏуш. Нагахь шу Іовдал нохчмахкахой туркойн гӏоьне догдохуш делахь, иза эрна ду, боху. Оьрсийн эскарша уьш, лаьхкина, Уьстамал-шахьарна кӏел бигна, тахана-кхана, церан паччахь йийсаре а лаьцна, когаш-куьйгаш а