…И буьйса набарза текхира гӏовттамхоша. Амма оцу буса а, йа шолгӏачу дийнахь а гучу ца йелира Зандакъана тӏехула сецна Григорьевичан отряд. Шолгӏачу суьйранна гӏовттамхойн разведко хаам беара, иза шен отрядца Кешана-гӏопе йухавирзина аьлла. Атталла зандакъошкара амалтана нах а ца буьгуш. Схьахетарехь, подполковник тешна вара ша зандакъой хаза кхоччуш кхерийна хиларх. Оцу тӏехь цуьрриг а гӏалат а ца ваьллера иза. Цхьана тайпанах шина йуьртана йуккъехь хиллачу девно а, стаг веро а кестта йолчу ханна барт хуьлучуьра баьхнера уьш.
Бӏаьрзе Хьамзат а валош, урамехула йуьртан йуккъерчу майдана догӏура бераш. Хьамзатан карара гӏаж лаьцна, хьалха вара Марван. Майдана кхаьчча, наной схьакхайкха бераш дахийтира Хьамзата. Дукха хан йалале цигахь гулйелира зударийн къорза тоба.
– Наной! – мохь туьйхира Хьамзата, шен бӏаьрзе бӏаьргаш царна тӏехула генна а боьгӏна. – Дика ладогӏалаш. Ас цхьа-ши илли олу шуна.
Хьамзат дӏасахьаьжча, цуьнан дагахь долчух кхеттачу Марвана керта уллорчу гула тӏе охьахаийра иза. Бӏаран дечках бина пондар кара а лаьцна, дуткъачу мерзех пӏелг тесна, цкъа-шозза лерг а хьовзийна, тобира цо. Тӏаккха, йайн йовхарш тоьхна, бӏаьргийн негӏарш тӏе а хьабдина, Адин Сурхох илли долийра.
…Хьийзабора эло Мусоста цхьана йуьртан тхьамданаш. Церан махка тӏе йурт йиллина ца ӏаш, йохура цаьргара тӏехь йоцу йасакхаш. Дехарш дора йуьртан тхьамданаша эле Мусосте:
– Дакъаза ма вала, хӏай эла ва Мусост,
Да эла хилла хьан, нана сту хилла хьан,
Хьо эла веца хьо, тхо ӏаьржа нах деца.
Къа деца ва хьуна зударийн, ва берийн,
Эхь деца ва хьуна элашна ва йукъахь…
Амма хазац элана Мусостна къехойн дехарш, цо аралохку уьш шен гӏалин кертара:
– Ас хир ду аьлларг ва хилла ма даьлла,
Ас хир дац аьллариг ца хилла ма даьлла,
Аш сиха схьалолаш тӏехь йоцу ва йасакх!
Гӏайгӏане ийгира йуьртан тхьамданаш. Ойлане бевлира уьш, шайна орца лоьхуш. Тӏаккха дагавеара царна тӏехь да воцуш, ненаца кхиъна Адин жима Сурхо:
Дин дика ва беца цу Адин ва Сурхон,
Дог майра ва деца цу Адин ва Сурхон,
И Сурхо воьхур вай и винчу ва нене.
Кӏант веха бахара йуьртан тхьамданаш Сурхо винчу нене. Нанас жоп делира йуьртарчу тхьамданашна: