йалташ дохош, шу Сибрех дуьгуш хьажа веана.
Цецваьллачу Исмаьӏалан ши бӏаьрг, къаьрзина, хье тӏе белира. Цкъа оьгӏазаллин ткъес кхерстира царна чу, тӏаккха хьалхалерчу амате баьхкира уьш.
– Вон оьрси ву сан хьаша, – корта хьовзийра цо, – Йаман урус. Паччахьо шен ницкъаца инарлаш бахкийтина, инарлаша эпсарш балийна, эпсарша салтий балийна. Салтий а, дукхахболу эпсарш а шайн лаамехь ца баьхкина. Ткъа хьо? Хазахеташ хьажа воллу хьо тхан зударий, бераш доьлхуш? Адамаш ма ду тхо а, Яку! Шуна санна, тхешан мохк безаш, маршо йезаш, тхешан да-нана, доьзалш безаш. Даа а, тӏедуха а лууш, хазахетар хилча – дела а доьлуш, халахетар хилча – делха а доьлхуш, адамаш ма ду тхо а.
Исмаьӏалан багах долу хӏор а дош, шаьлтанан йуьхьиг хуьлий, дага йуккъе доьдура Яков Степановична. Иза оьрси вара, ша бакъволу шен халкъан кӏант а хетара цунна. Шен халкъах даьллачу дикачух дозалла а деш, цуьнан цхьана нахах даьллачу вочух хета эхь а долуш. Тховса генна ломахь къечу нохчочун хӏусамехь боданечу нохчочунна хьалха цуьнан жоп дала дийзира шен къоман правительствос лелочу эхьечу гӏуллакхах. Амма муха кхетаве-те цо хӏара ламанхо и правительство, ламанан халкъийн санна, оьрсийн халкъан а мостагӏ хиларх?
– Хьуна моьттучу дагахь ца веана со, Исмаьӏал, – элира цо ша-шега луьйш санна. – Шуна тӏехь латто ӏазап, харцо сайн бӏаьргашца ган веана. Хӏай-хӏай ткъа, салташа шу дойъуш, шун цӏенош дагош, шун йалта дохош, шу Сибрех дуьгуш хьажа, шун зударий, бераш доьлхуш ладогӏа. Шух дог лазарна, шух къахетарна веана, кхузахь сайна мел хезнарг, мел гинарг дерриг а дӏайаздан, тхешан халкъе дӏакхайкхо веана со, Исмаьӏал.
– Ой, ахь уьш дӏайаздарх, тхуна хӏун паргӏато хуьлу?
Яков Степановича ойла йира.
– Гой хьуна, Исмаьӏал, – иза кхето гӏоьртира Абросимов, – массарна а ца хаьа шух лаьцна бакъдерг. Сайна гинарг, хезнарг ас тхешан газеташ тӏе ма-дарра йаздийр ду. Иза доьшур ду эзарнаш наха. Царна хуур ду нохчаша латториг бакъонан къийсам хилар, уьш харцонна, ӏазапна дуьхьал гӏуьттуш хилар. Шух лаьцна бакъдерг хиъча, церан ойланаш а хийцалур ма йу. Тӏаккха, цхьамма-шимма, иттаммо-бӏенно олуш, тхан ӏедале эр ду, и нохчий, вай санна, адамаш