хӏаваъ. Йуьрта керл-керла хӏоъ масазза кхета, хьерадуьйлура церан летар. Цхьаццанхьа цӏенойх а, докъарийн раьгӏнех а цӏераш летира. Гена йоццуш цхьа говр, дог ӏадош, тарса а терсина, цӏеххьана дӏатийра. Амма адамийн мохь ца хезара цхьаннахьара а. Эха сохьтехь йаккхий тоьпаш а йиттина, йуьртана тӏелатар долийра аьтту агӏор тогӏица баьржинчу салташа. Йуьрта тӏе богӏучу коьртачу новкъа хьала, кортош тӏехула тарраш хьийзош, тӏехахкабелира хил дехьа севцна дошлой а.
Аьтту агӏорчу тогӏи чуьра салтий бердех хьалагӏоьртича, важа дошлой некъ къовлуш биначу валана тӏекхочуш, тийналла йохийра Акхтас.
– КІентий! ТІетоха!
Дуьххьара тоьхна тоьпаш цхьатерра йевлира. Ша хьалххе ӏалашонна кӏел лаьцначу хьалха вогӏучу эпсарна шина бӏаьрга йуккъе хьажийна, тоьпан лаг уьйзира ӏумара. Ши куьг дӏаса а тесна, буйнара тур дӏа а хоьцуш, охьавоьжна иза йуханехьа чукерчира.
– Доха ма дохалаш, кӏентий! – мохь туьйхира Акхтас. – Марван, тӏулгаш чукерчаде! Ӏумар ледара ма хилалахь! Со вал болчу воьду!
Йассайелла тоьпаш схьа а оьцуш, йуьзнарш дӏалуш, хьацаран кӏур хилла саьнгарш чохь бохкучу къоначу зударша а, божабераша а, текхаш берда йисте а бахана, чукерчо долийра даккхий тӏулгаш. Хала, Делан балица йухабаьккхира бердан басех хьалагӏертачу салтийн хьалхара могӏа. Амма хала дара кху тӏехь лаьттачу цхьа кана кегийрхошна и буьрса ницкъ сацо. Шайн вийнарг а, чов хилларг а тергал ца веш, хьалагӏертара салтий.
– Йуьрта довда! – мохь туьйхира ӏумара саьнгарш чу йухадевллачу берашка, амма уьш, шекдоцуш, йассайелла тоьпаш йуза хӏиттира. – ДІадовла! Хьаннашкахь къайладовла! – уллорниг мийра Іоьттина хьавира цо.
Ӏумар оьгӏазваханийла хиъна бераш, дехьо а девлла, берзина когаш хоттала а бетташ, девдда къайладевлира. Салтий хьала тӏекхача герга бара. Ӏумарна шера гора догӏано тӏадийна, хотташа йуьзна церан оьгӏазе йаххьаш.
– ӏумар, кӏелхьардовла! – хезира цунна геннара Акхтин мохь.
Саьнгарна чухула ведда воьду иза тӏеӏоттавелира топ буйнахь йелла ӏуьллучу Марванан нанна Детина. Тӏом болабелчхьана, цига а хиъна, салташна топ йетташ йара иза. Цкъа иза, нисйеш, охьайилла ойла хилира ӏумаран. Амма цуьнан