чохь велар иккхира.
– Хьанна оьшу и шун модаша йуьзна тӏелхигаш? Гечдарх лаьцна тӏаьхьа дуьйцур вай. ГІовтта хьала! Гонаха ха а хӏоттадай, Буртӏунай-гӏопе дӏабига уьш. Кхана хӏара хан хилале бехкениш цига дӏа ца багӏахь, церан йартех чим бе. Вада гӏоьртинчунна тӏе тоьпаш тоха а ала. Прапорщик Дацаев, ахь жоп лур ду суна церан хӏор а коьртах.
…Цхьана кӏиранах дахделира Салатавехь таӏзарш дар. Хьалхарчу дийннахьехь шайн лаамехь гонахарчу йарташкара Буртӏунай-гӏопе веара ши бӏе стаг. Доьзалшца хьуьнхахь къайлабевлла алмакхой, шина дийнахь мелла а дуьхьало а йина, кхоалгӏачу дийнахь, къера хилла, гӏопе баьхкира. Гӏовттамхойх уггар бехке лерина ши бӏе стаг, гонах ха а хӏоттийна, Петровск-порте дӏахьажийра, цигахь хІордан кеманна тӏе а ховшийна, Волгица хьала къилбаседерчу губернешка дӏабига. Тӏаккха Батьяновн а, Тер-Асатуровн а отрядашна тӏедиллира, Алмакх, Дилам, Миатли, Буртӏунайн йарташкара бахархой арен тӏе а кхалхийна, уьш йохор.
Дуьззинчу оцу кӏиранчохь зударийн, берийн а белхар дара Салатавехь. Кертара арадохучу декъашний, лецна буьгучарний тӏаьхьа тийжаш боьлхучу зударийн маьхьарий. Тӏаьххье дӏадоладелира кхалхор. Цӏийнах а, махках а бовла ца туьгуш, къаьсттина дуьхьало йора зударша. Коьртара даккхий корталеш а, чухтанаш а дӏа а йаьхна, месаш охьа а хецна, когаш хьалха а гӏертош, неӏсагӏех, кертех а тийсало зударий, текхош, тоьттуш, некъа кхуьйсура салташий, милцоший. Амма Александр Павловичан лергашна ца хезара уьш. Гӏуллакх дика дӏадоьдийла хиъча, Батьяновца цхьаьна Хаси-Юьрта охьавахара иза.
Свистунов Хаси-Юьрта кхаьчна сахьт а далале, кхуза кхечира Закавказски фронтан коьртакомандующис леррина схьахьажийна полковник Витгенштейн. Цо деанчу кехато бохура, хӏокху деношкахь Шемалан кӏант Гӏеза-Махьма коьртехь а волуш Сухуме доссор долуш Турце кхелхинчу ламанхойх вовшахтоьхна эскар ду. Коьртачу штабе кхаьчначу хаамашца, Сванети а, Гӏебарта а гӏаттош, цигашхула чекх а ваьлла, Нохчийчу ван план йу Гӏеза-Махьмин. Хӏетале гӏаттам хьаьшна дӏа ца баккхахь, Теркан а, Дегӏастанан а шина областера хьал фронтана кхераме хилар хоуьйту