Динбухкарш къевлина, говрашка а хевшина, меллашчу боларахь Симсара булу уьш.
Ӏаьлбага, урх оьзна, сацийра говр.
– Сой, ӏеламхий, нана а гина, тӏаьхьакхуьу шуна, – элира цо, лохха вистхилла, шена тӏаьхьакхиъначу Солтмурде. – Даьттахана кӏел, Хьамзин-Ирзехь, говраш йожуьйтуш, совцалаш…
Симсарна тӏехула хӏинца а кхагаран къаьхьа хьожа лаьтта. Урамна шина а агӏор охьайиттина керташ, йаккхийчу тоьпийн хӏоьънаша аьтта стоьмийн дитташ. Йакъайеллачу коьртан туьтанах тарйелла неӏарш, кораш дохийна, цӏаро пенаш Іарждина лаьтта ӏаьлбаган а, ӏеламханан а цӏенош. Кертахь аддам а дац. Хӏара шиъ, говрашкара охьа а воьссина, керта волавелча, дера леташ, дуьхьалхьаьдира месала, сира ши жен жӏаьла. Амма, геннара хӏара шиъ вевзина, лергаш тӏехьа а дийшийна, узарш деш, бертал текхаш, тӏедоладелира.
ЖІаьлин гӏовгӏа хезча, топ карахь араваьлла, хӏокхарна тӏевеара лулахо.
– Шу ду хӏорш, ӏаьлбаг-Хьаьжа? – воьхна хьаьвзира иза, хӏара шиъ вевзича.
– Адамаш дукха дайъиний?
– Дера дайъина. Йалх стаг, йиъ зуда, кхо бер а. БІаьрзе Хьамзат а вийна. Миска, шен пондарца тӏом уггар чӏогӏачу хьийзара иза.
Ши ваша ца ваьхьара важа байъинарш муьлш бу хатта. Цаьрца шайниш хиларна кхоьрура.
– Хӏорш мичахь бу? – хаьттира ӏеламхана эххар а, керта корта а ластийна.
– Тахана Ножин-Юьрта дӏабигна шун доьзалш. Церан йуьртда Умалхьат веанера масех салти а валош.
Цхьана йукъана тийналла хӏоьттира. Хьесталуш, шен мачех мотт хьоькху жӏаьла, меллаша ког ӏоьттина, дӏачовхийра ӏаьлбага.
– Цхьа механа йезо йолу йийбар кӏелхьарйаккха кхиийра тхо, – цхьа бехкалвахча санна, элира лулахочо. – Даьхний а хьуьн чохь ду шун…
Лулахочун Іодика а йина, боларехь йуьртах а ваьлла, накъосташна тӏаьхьавахара и шиъ.