эладитанаш даржош лелачу стаммийчу совдегарех. Гӏевттинчу нохчаша нийсо лоьху. Іедало шайгара дӏа а баьккхина, инарлашна, эпсаршна, кхечу хьадалчашна белла шайн мохк шайна схьабеза царна. Шаьш адамаш ларар лоьху цара. Изза дацара ткъа бӏешерийн йохаллехь вайн дайша, муьжгаша, лехнарг? Иза лаха бакъо йац ткъа нохчийн?
– Бакъ бу уьш!
– Дала аьтто болда церан!
Амма Васална хаьа ладегӏархойн ойланаш а цхьатера йоцийла. Шаьш ӏедало таӏийнехь а, цунна мел резадацахь а, кхузахь ӏедалан а, туземцийн а йукъаметтигаш галйевлча, дуккханийн а ойланаш ӏедалехьа хаьрца. Иза мел къиза делахь а, шайн къоман ӏедал хета. Хӏокху махкахь оцу ӏедало уьш ларбо туземцех. Базарахь, некъахь, миччахьа а царна йукъа дов деача, хӏокху «шенчаьргахьа» ма хуьлу. Тӏе, хӏокху Васала хӏуъу дийцахь а, и нохчий толахь, шаьш кхузара дӏалахкарна кхоьру. Тӏаккха мича гӏур бу уьш? Россе йухий? Цигахь латта а, цӏа-цӏе а ма дац церан. Йа хир ала меттиг а ма бац. Йуха а хьалхалерра помещикан дукъ коча эца деза.
Хӏара Россин йистош дӏалецар халкъан дуьхьа ду, ма боху правительствос. Оьрсийн мохк шорбан, пачхьалкх чӏагӏйан, хьал дебо, халкъ аттачу даккха. Оцу йистошка хьалха – мозгӏарш, тӏаккха – эскарш, тӏаьххье – колонисташ а боьлху. Хьалхарниш – туземцаш бакъдине берзо, шолгӏаниш – мохк дӏалаца, кхозлагӏниш – церан махка тӏехь баха ховша, йа, вуьшта аьлча, цигахь ӏедалан бӏогӏамаш хила.
Бакъду, и дӏалоьцу мехкаш халкъан аьттонна бу бахахь а, амма кхузахь ӏедал а, хьал а инарлийн, помещикийн, чиновникийн карахь дуьсу. Бӏе эзарнаш салташа-муьжгаша синош дӏало, ткъа паччахьан а, цуьнан гӏеранийн а кисанаш дешех дузу. Иза а хаьа колонисташна. И хьал а, ӏедал а шайца нийсса доькъур доцийла а хаьа. Амма Россин губернешкара кхуза кхалхийначу колонисташна а кхочу жим-тӏама хӏума. Россехь латта а, сискал а йоцуш, къелла къикъвоьлла ӏийначу муьжгичунна кхузахь латта ло. Иза ӏедална муьтӏахь хирг, кхузахь туземцашна тӏехь ӏедал латто цо гӏо дийриг. Россехь йукъараллин массо чкъурана бухахь ведвина лаьттина муьжги хӏокху колонехь, туземцашна тӏе а хаавой, цхьа тӏегӏа лакхавоккху. Килсехь а, зорбанехь а, исправнико а, полицейскийс а –