ХІуъ у хилахь а, штурм йан сацамбинчу Батьяновс итт сахьт долуш ТІуртӏин-Кӏотарехьа го тесна хьажийра Гӏизлара-Гребенски гӏалгӏазкхийн полкан хьалхара сотня а, хӏетта салатавхойх вовшахтоьхна бӏо а, Терка тӏерачу нохчийн милицин а, гӏумкийн сотняш а. Цара шайн позицеш дӏалаьцча, фронтальни штурмана кечйелира Гӏебартан полкан йоьалгӏа батальон а.
Лаха чохь хуьлуш дерг, шайн керайуккъехь долуш санна, шера гора Къайсаран бӏаьхошна.
Салтийн отрядна хьалха богӏу лаамхой, тобинчу новкъа лома йуккъе бевлла, хӏокху хьалхарчу чӏагӏонна тӏегІоьртира.
– Тӏетухий вай? – хаьттира Юсупа Къайсаре.
– ТІаккха ткъа! Вайх лата богӏуш бац уьш?
– Хьанна хаьа, нуьцкъаха тӏелаьхкинехь а?
– Ма элира-кх ахь! Ши бутт сов хан йу уьш вайна дуьхьал лета.
– Кхин хила а мегий уьш-м.
– Хӏан-хӏа, аренгара нохчий а, гӏумкий а, гӏалгӏай а бу. Суна ма бевза уьш.
– Хӏетте а, вистхилахьа цаьрга.
Къайсара, вала тӏе хьала а ваьлла, ши куьг бете а лаьцна, мохь туьйхира.
– Нохчий, гӏалгӏай! Цхьана цӏийх цхьа вежарий ду вай. Ткъа шу, гӏумкий, тхан лулахой ду. Нагахь шаьш нуьцкъах тӏелехкахь, тхоьгахьа довла, иза дан ца лаахь, йухадовла. Амма тхан цӏий ӏано дагахь шу делахь, тхоьгара къинхетам хир бац шуна!..
Буйнахь тур долуш милцошна хьалха вогӏучу куьцечу эпсаро тӏетоха аьлла омра дира шена тӏаьхьа хьалатийсалучу ламанхошка. Цара тоьпаш хьалалаьцча, вала тӏера чуэккха сихвелира Къайсар, амма шен куйнах хӏума кхеташ санна хетаделира.
– Дела хила шун шайн вархӏий дена неӏалт! – йаппарш йира Къайсара, гуна тӏехьа а иккхина, шен куйне а хьоьжуш. – Халла хиллачу куйнна шиъ ӏуьрг эккхийти-кх цара…
– Дакъаза ма вала хьо, Къайсар! – мохь туьйхира топ карахь схьаиккхинчу Іаьлбага. – Герз карахь вайна дуьхьалвогӏург вайн мостагӏ вуй ца хаьа хьуна?
Тоьпан зӏок кӏегар а хаийна, цхьана куьйга топ хьала а лаьцна, лаг уьйзира Елисейс. Хьалхавогӏу эпсар, деге ка а тоьхна, буйнара тур дӏа а хецна, цкъа гора а воьжна, йуьхьарвахара. ТІаьхьавогӏучу шина лаамхочо, цхьамма пхьаьрсийн кӏелош, вукхо ши ког а лаьцна, охьавадийра иза.
Готтачу некъа хьалататтабелла лаамхой цхьана йукъана боьхна хьаьвзира, йуха а, кестта саметта а баьхкина, шина а агӏор