мостагІчух хӏун хилла, хьажахьа, – элира Къайсара, ӏаьлбаг дӏавахча.
Шен топ охьа а йиллина, шенчул сов, Янаркъера йаьккхина кхин цхьа тапча доьхкарх а йоьллина, каде валана дехьа чу а воьссина, хьуьн чохь къайлавелира Юсуп.
– Ладогӏахьа, Элса, – шен топ цӏанйеш воллучу Елисейна тӏевирзира Къайсар. – И салтий хӏунда ца лета вайх?
– Собар, Къайсар, салтий а летар бу, – паргӏат жоп делира Елисейс, топ а йузуш. – Вай хӏун до хьовса, ламанхой хьалхабаьхна цкъа.
– Кӏилолла ду-кх?
– Хӏан-хӏа, ларбалар ду.
– Тӏелата кечлуш буй-те, моьтту суна, – элира Елисейс, ведда Къайсарна тӏе а веана. – Дерриг эскарш вайна тӏе а дерзийна дӏахӏиттийна. Йаккхий тоьпаш а оьзна улло. Ӏожаллина кечлучохь ду вайн гӏуллакх!
– ӏожаллина-м кечдала ца оьшура. – Елисейн белшах куьг туьйхира Янаркъас. – Цо-м шен гӏуллакх дийр дара. Дала мукъалахь, тоьлур ду вай. Хьуний, Мишкиний нохчийн зударий а балийна, ловзаргахь хелхадийла а ма деза!
– Забарш йитахьа, Янаркъа. Ас-м баккъал а ма боху.
– Ас йо ткъа забар? Амма, нохчо йалайале, цкъа сунтван-м веза шуьшиъ.
– Ахь хӏун дуьйцу, Янаркъа! Тхойша воккха ма хилла. Жима долуш до, боху, аш божабераш сунт. Тхойша тӏаьхьависина.
– Хӏета, шуьшиъ зударий боцуш вуьсур ву-кх.
– Василий винерий ткъа?
– Винера дера-кх, – Къайсаре бӏаьрг таӏийра Янаркъас.
Доттагӏийн забарш йукъахйехира лахара хьала тоьхначу йоккхачу тоьпан татано. Шакарца беана йоккхачу тоьпан хӏоъ, цхьана диттан бухь хадийна охьа а бохуьйтуш, валана цхьа бӏе гӏулч гергахь охьабуьйжира.
– Хӏан, дӏадоладели! – топ схьаийцира Елисейс.
Ӏуьйранна шен рота Яьссин аьрру агӏон тӏе дехьайала кечйелча, Абросимовна тӏевеара капитан Рихтер.
– Эххар тӏекхечи ас сатийсина сахьт! – беро санна, вовшахтоьхна ши куьг хьакхийра капитана, тӏаккха хил дехьа хьалхахьа аьтту куьг тесира. – Суна хьалха лаьтта Коьжалкан-Дукъ. Оцу тӏехь дакъа доцуш вайна сан да. Тахана ас бекхам оьцур бу. Сан да вийнарг, йа цуьнан кӏант, йа цхьа кхин нислур ву суна дуьхьал. Дависа, Яков Степанович, сихха дӏадолалахьара хӏара! Собар кхачийна-кх сан. Хьо вогӏий тхоьца?
Абросимовс корта хьовзийра.
– Эрна ца вогӏу. ТІаьхьа дохковер ву хьо. Цигахь инзаре буй-тӏара хир