Ткъа куринцаш сацам боллуш хьалхатеӏара. Маьркӏажан хан хуьлуш йаккхийчу тоьпийн хӏоьънаша йаржийна гӏовттамхойн чӏагӏо шаьш дӏалаьцча, цигахь царна цхьа а ца карийра. Амма массанхьа йисинчу цӏийн лараша тоьшалла дора гӏовттамхошна дикка зенаш хиларан.
Батьяновн отрядан кхиамна гӏо дира малхбузехьара схьа цӏеххьана гӏовттамхошна тохар динчу подполковникан Кнорринган отрядо. Ӏаьлбагна хаьара цуьнан ницкъ. Иза тоьуш бара гӏовттамхошна кӏелхьарбовла дисина деккъа цхьа ков дӏакъовла. Ӏаьлбага омра дира, массанхьара а йухадовла аьлла.
Къайсар ткъех стагаца тӏаьхье къовла висира. Йуьхьанца нилхачу могӏанашца гучубевлла салтий лаьттах хьалакъаста а, йа дитташна тӏехьара схьабовла а ца буьтура цара.
Мостагӏ валана тӏекхача цхьа бӏе гӏулч йисча, аьтту агӏорхьа хьуьнца маьхьарий девлира. Къайсарна шера девзира уьш. Милцоша шатайпа дохийна олу «ура» салтичух къасто хала дацара.
– Элса, кхузахь ледара ма хилалахь! – Елисейн лерехь мохь туьйхира цо. – Со, иттех стаг эцна, аьтту агӏор волу…
Шена тӏаьхьадуьйла аьлла, итт стеган цӏе а йаьккхина, валана тӏехьа а теӏаш, уьдуш, Къайсар шайн чӏагӏонан аьтту йисте кхаьчча, нохчийн, гӏалгӏайн, гӏумкийн а милцой вала тӏе хьалатасабелла бохкура. Хьалха богӏурш, тӏе йуьхьигаш а теӏош, тоьпаш тоьхна охьабехкира гӏовттамхоша, царна тӏаьхьарниш а кхечира оццу декъе. Бӏаьргаш а къаьрзина, цергаш къажийна, шайна тІегӏертачу хӏокху шайн къомахошна доггах а, ца ӏебаш а йеттара гӏовттамхоша.
Сохьтехь сов йухадиттира гӏовттамхоша мостагІчун тӏелатарш. Къайсар, хьацарша а, цӏеша а вуьзна, цкъа цхьанхьа, тӏаккха вукхузхьа хьодуш лелара. Ша цхьанхьара дӏаволуш дийна хилларг, йухавеъча, вийна йа чов хилла ӏуьллуш каравора цунна. Валана кӏел а, тӏехь а байъинчу салтийн декъий гора. Делахь а, тӏегӏертарш, цхьа а ца эшча санна, дукха бара. хӏор а минотехь лахлора Къайсаран бӏо. Топ-тапча тоха ца кхиош, шаьлтанашка бевлира хӏинца. ДІогахь коьжалг хилла йуьхьарвахана Іуьллу суьйли Муртаз. Дехьа агӏонехь позици лаьцначу суьйлашца а ца воьдуш, Янаркъица сецнера иза. Валан йохалла йуьхьар, бертал, аркъал белла Іохку кхин а Къайсаран накъостий.
ТІ