Берриг охьачубиссина. Хьайчех маса вийна?
– Йалх. Муртаз а, виъ гатийуьртахо а. Ловда тӏаьххьарчу минотехь вийра.
– Мусакхай а вийна-кх!.. – элира ӏаьлбага гӏийла. – Кхузахь Іожалла йоьгӀна хилла мисканна. Лоьмаш санна, майра лийтира иза а, цуьнан суьйлий а. Итт стаг вийна царах а. Мухха даьхьна а, шайн йарташка дӏадахьа деза церан декъий. Ма дика ду-кх Элса а, Мишка а дийна висина. Цаьршинна хӏума хиллехь, чӏогӏа халахетар дара суна.
Цхьа ах сахьт хьалха тӏом кхихкинчу дукъахь хӏинца наггахь бен топ ца йолура. Амма тийна дацара хьуьна чохь. ХІокхара йитинчу чӏагӏонашкара схьа хӏинца а хезара салтийн а, милцойн а толаме маьхьарий.
– Дуьло, чудуьссу вай а. Хьо суна тӏетовжал, Коьра.
– Ца оьшу. Суна хилларг-м пайдабоццург дара.
Лаха чу а диссина, хьуьнан кӏоргехь шаьш къайладевлча, Іаьлбаган пхьарс лецира Къайсара.
– Хӏинца хӏун до вай, Іаьлбаг?
Ӏаьлбага жоп кестта ца делира.
– Хаац, Къайсар, – вистхилира иза эххар а, тӏаккха, жимма ӏийна, тӏетуьйхира: – Чов хилла экха шен тунгари чу текха, боху. Симсаран хьаннашка йухадевр ду вай. Цигахь вовшех дага а девлла, цхьа Дала дайттинарг дийр ду-кх. Хӏинца цкъа йерриг дегайовхо Бассан йарташна тӏехь йуьсу. Болатера хаам а бац. Залмин Дада хӏун деш ву а хаац.
– Диканах дог ца дуьллур вай, – элира Коьрас. – Дегӏастанхой гӏовтта а ма мега.
Ӏаьлбага гӏайгӏане корта ластийра.
– Хӏинца тӏаьхьа ду.
Хьуьна чохь буьйса йоьллера хӏинцале а. Чохь синош доцуш санна, «ахІ» аьлла узар ца деш, дӏатийра чевнаш хилларш. Цхьана сохьтехь меллаша некъ бича, хьуьна йуккъерчу цхьана акхачу ирзо тӏе кхечира хӏорш. Цигахь тӏе нуьйраш техкина, кийчча ирзона гонах диттех дӏатийсина лаьттара бӏе сов говр.
Охьадехкинчу декъийн могӏа бара ирзо йуккъехь. Царна хӏоранна тӏехӏуттуш, чекхваьлла, могӏанна дехьа маьӏӏехь лаьттачу Солтмурданий, Къосамний, Тозуркъиний уллохь сецира ӏаьлбаг. Доцца доӏа а дина, Солтмурдана тӏевирзира иза.
– Нахе вистхуьлий хьо?
– Хӏан-хӏа. Ахь ала.
Тоьпашний, таррашний тӏе а тийжаш, декъашна го а бина, кхоьлина лаьттара бӏаьхой. Дукха хенахь дуьйна урс а, тукар а ганза йаххьаш йара тӏе къух даьлла.
– КІентий! – лохха вистхилира ӏаьлбаг. – Вай а тухуш,