Цара вайн гӏо лоцур ду бохург хьехочохь а дац.
– Иза-м ас а ма элира. Цӏеххьана дахана, вай гӏовттаме кхайкхича, уьш гӏовтта кечбелла ӏаш ма бац. Бехха кечам бан ма беза оцу гӏуллакхна.
– Изза элира цара а. Соьца Буритӏахь доьшуш хилла Петр Данилович дика хьаьвзира. Цхьаццанхьа адам гулдина, къамелаш а дира охашимма. Тхаьшна ма-хуъу ӏедалан политика ӏора а йаьккхира. Вайн гӏаттаман ӏалашо а йовзийтира. Дегнаш вайца ду гӏалин къехойн. Амма, вайгахьа а бевлла, ӏедална дуьхьало йан хӏиттац. Кхоьру. Вай долийна гӏуллакх кхиамца чекхдериг хиларх тешац.
Берсас гӏийла корта ластийра.
– Россерчу халкъийн йерриг дакъазалла цунах йоллу, – элира цо, доккха са а даьккхина. – Вовшех а, шайн ницкъах а цатешарх. Кхузара оьрсийн бахархой кхоьру вайна гӏо дан. Цундела ӏедало уьш а, вай а дерриг ӏазапехь латтадо.
Цхьана йукъана и шиъ, ойланашка ваьлла, дӏатийра. Шун карахь чувеанчу хӏусамдас кхихкина дакъийна жижиг, сискал, кхийран чІуьжалг йуьззина хи а хьалхадиллира цаьршинна.
– Хьан вукху доттагӏаша хӏун боху ткъа?
– Хьехархочо лартӏехь доцург дийцира: цкъа хьалха областан хьаькамаш байъина, ӏедал шайн кара а лаьцна, эскар шайгахьа даккха дезара… Иштта дӏа кхин а дуьйцура. Ткъа адвокатан къамел нийса а, хьекъале а дара. Доцца аьлча, хӏара вайн гӏаттам аьтто боцчу йуккъехь болабелла боху массара а. Даймахкана кхерам болчу хенахь чоьхьара девнаш дита деза, берриг ницкъ арахьарчу мостагІчунна дуьхьал берзо беза, ткъа доьзална йукъара ваьснаш а, девнаш а тӏаьхьа къасто кхуьур ду, боху.
Кхийра зокан чу шийла хи а доьттина, Овхьаде кховдийра Берсас.
– Ахь молий?
– Хӏан-хӏа, ирс хуьлда хьан, – хиъна ӏачуьра хьалаайъавелира Овхьад. – Ткъа Васалан гӏуллакх Оьрза-Гӏалахь муха хили?
– Кхин а галдаьлла. Цхьакӏеззиг гуттар а къен гӏалгӏазкхий боцург, бисинарш башха тӏера бац, боху, вайн гӏуллакхна.
– Хӏета, церан гӏоьне догдохийла а дӏайолу-кх?
– Хаац. Хетарехь, кху махкара къаьмнаш маршонехьа къийсамехь цхьаьнатоха хӏинца цкъа ницкъ бац гуш. Доьхна гӏуллакхаш ду, Овхьад. Кхин дуй керланиг?
– Инарла Чермоев Орца а, майор Шамурзаев Бота а фронте вахийтина.
– ОхІ! И хӏун ду?
– Хаац. ХІокху карзахечу хенахь уьш