вар. Цаьршиннал хьалха а, тӏаьхьа а маса салти веанера кху лаьмнашка маршо лоьхуш! Бӏеннаш. Къизаллех ведда. Масане хӏаллакьхилира уьш, оцу маршонехьа къуьйсуш. Иза лоьхуш, цуьнан дуьхьа даймахках бевлла лийлира-кх уьш. Ткъа иза ца карийра. Йац-кх иза. Нийсо а, харцо а йу-кх массанхьа а.
Елисей а, Михаил а веана кхуза, хӏара Васал санна. Царна а карор йу кхузахь ӏожалла. Шайн ирс ду, карайахь. Дийна бисахь а, кийчча тангӏалкхаш хир йу царна. Йа Сибрехан каторга. Дийна висина Васал а ма вац ирсе. Хьалхалерра ӏазап, харцо, къоьлла. Тӏекхеттарг хӏун ду? Даймахке сатийсар. Ненан маттах хьегар.
Декъачу, хебаршка ихначу логаца хьала-охьа уьду ира логашад. Васала сацабо кийрара арагӏерта мохь. Чӏоггӏа тӏеттӏатаӏадо бӏаьрнегӏарш. Амма ницкъ бац кийра летта цӏе сецо. Иза тӏехтосу. Попан гӏад мара а къовлий, цунна тӏетаьӏа Васал. Пӏелгийн мІараш чуйуьссу попах тесначу ковстах. Амма ницкъ бац кхидӏа садетта. Васалан мохь болу. Къора. Бежанан санна.
– Васал, осала ма хилахьа! – белша тӏе куьг диллира цунна МІаьчига. – Лийр долуш ма ду вай дерриш а!.. Ловда массарна а ма везара. Ма велха. Вай делхарх, хӏумма а нислур дац…
Васала, схьавирзина, доттагӏ мара а къевлина, шен йуьхь цуьнан лога тӏе таӏийра.
– Со муха ца воьлху, МІаьчиг… Ловда ваша ма вара сан… Со вен гӏоьртича, шен гергара стаг вийра цо. Оцу бехкенна Сибрех итт шо хан а йаьккхина, цӏа веара иза.
Мӏаьчиг доттагІчун догъэца гӏертара. Ткъа шен бӏаьргех бертаза хиш оьхура.
Дикка лаьттира и шиъ, Васала сауьйзуш, МІаьчига къурдаш деш. Эххар а, Мӏаьчиг дӏа а хецна, цӏийбелла ши бӏаьрг цунна тӏебуьйгӀира Васала, велакъажа а гӏоьртира.
– Къанвелла вайша, Мӏаьчиг, – элира Васала, бехкала вахана.
– Хӏаъ, Васал, къанвелла. Дегнаш а кӏадделла.
– Къонахалло кӏез-кӏезиг дӏатосуш лаьтта вайша. Маршонехьа къийса ницкъ бац.
– Амма вайшиннан ши кӏант ву тахана оцу къийсамехь хьалха.
– Бакъду иза.
– Церан а хир бу кӏентий.
– Цара а дӏахьур ду вайшиннах дисинарг.
– Мацца а цкъа вайн тӏаьхьено йоккхур йу маршо.
– Вайша дага а лоцур ву.
– Миска Васал а, Мӏаьчиг а.
– Вало, доттагӏ.
– Вало хӏинца. Цхьаьнгге а ма алалахь, Васал цхьана минотана къонахаллех ваьллера…
– Хьох кхарда