маслаӏат-м муххале ца дира карзахбевллачу нахана йукъахь, мелхо а, ша а, баттара тур а даьккхина, чухахкавелира.
– Тӏетоха хьакхарчашна! – мохь беттара цо. – Йетта паччахьан лайшна!
Амма мелла а низамехь йолу милицин отряд, хӏокхарах масех стаг а вожош, тобанна йуккъехула шайна некъ баьккхина, хаьхкина йуьртах йелира.
– Дойшка ховша! ТІаьхьахахка! Ма дахийта и заддаш! – тур лестош, тӏаьхьа говр хийцира ӏабдул-Хьаьжас.
Амма дукха генавалале тӏаьхьакхиъначу Болата сацийра иза.
– Хьо хьерваьлла-м вац? – бехкбаьккхира цуьнга Болата. – Вукху йарташкахь хӏун ду а ца хууш, дов доладо ткъа?
Дарвеллачу ӏабдул-Хьаьжин шуьйра накха, левси санна, ийъалора.
– Суна хаьа айса хӏун до! – тур батта дахийтира цо. – Нах сецо ца оьшу. Хӏинца йухабовла некъ ма бац царна! Лаахь а, ца лаахь а, гӏовтта дезар ду!..
– Хӏаъа, ден маж схьалаьцна девлла вай, – элира тӏевеанчу Тангӏайс. – Хӏинца дӏахоьцийла дац. Хӏинца хӏун до вай?
Месала куй хьала а теттина, коьртах мІараш хьаькхира ӏабдул-Хьаьжас.
– Цхьа агӏо йаккха йеза, – элира Болата, баккхийниш бист ца хуьлуш севцча. – Хӏара гӏуллакх дукха ца ӏаш Ведана, Чахкара, Шуьйта а дӏакхетор ду. Шеко йац цигара схьа эскарш хьовсориг хиларан. Хӏара нах йа дуьхьалонна кечбан, йа, кхузара дӏа а баьхна, ӏаьлбагах дӏатоха беза. Шуьшинна хӏун хета?
– Лата ца гӏевттина вай? – хьаьжайукъ хабийра ӏабдул-Хьаьжас. – Цхьа а стаг дӏавер вац кхузара. Со йисина йарташ гӏовтто воьду, ткъа аш кхааммо тӏамна нах кечбе.
– Хӏара Овхьад ӏаьлбагна тӏе хьажийча, бегӏийла ма хетара суна-м, – элира Болата, ойла а йина. – Цунна кхузара хьал хаийта. ТІе, иза ша схьавогӏийла а лаьа нахана.
Оцу тӏехь сацам а хилла, Тангӏай Хоттане а, Тевзана а, ткъа Овхьад ӏаьлбагна тӏаьхьавахара.
Амма оцу буьйсано буххера хийцира церан планаш…
Махкатӏехь хилла гӏуллакх боккхачу тидаме ийцира командующис. Басса тӏера йарташ гӏевттича, йухаболалур бара халла хьаьшна Нохчмахкара гӏаттам.
Веданарчу Курински полкан йалх рота а, йиъ йоккха топ а эций, чехкка гӏой, Басса тӏехь низам хӏотторца Нохчмахка гуттаренна а дӏатейе аьлла, приказ кхечира Аваловга. Цунна гӏоьнна хьажош йара Шеларчу Тенгински полкан шиъ а, Навагински