мекхаш, цӏен бос бетталуш горга йуьхь йолчу воккхачу стага, хьала а гӏеттина, шен хьекъале ӏаьржа бӏаьргаш Аваловна тӏебуьйгӏира.
– Йуьртах къинхетамбар доьху оха, эла, – долийра цо мукъаме кӏедачу озаца. – Таханлера зулам цхьа масех стагера даьлла. Оха тхаьш таІзар дийр ду царна.
– Таӏзар аш дийр дац, ӏедало дийр ду, – йукъахваьккхира иза Аваловс. – Цӏершца схьабийца уьш.
– Тхо ца кхиъна бехкениш къасто, – паргӏат жоп делира воккхачу стага. – Кхана къастор ду дерриг. Сихделча, гӏалатдовларна кхоьру тхо. Ӏедал йукъа а ца гӏертош, тхоьга тхайгга къастадайтахьа и гӏуллакх. Аш цхьа масех стаг лаьцча, бисинарш карзахбевр бу. Тхан а ву вийнарг, чевнаш хилларш а бу, зен шиний агӏорхьарчарна цхьатерра хилла. ТІе, зулам долорна бехкениш милцой а хилча, таІзар тхуна дича, нийсо ма йац. Йурт карзахйаларна кхоьру тхо, эла. Дов кӏам ца деш дитар гӏоле йара.
Воккхачу стеган хьехар хьекъале хийтира Аваловна. Изза дагахь ма веанера и ша а.
– Шайн йарташ ӏаьлбагах дӏакхетар йац аьлла, дош далалур дуй шуьга?
Массарна а тӏера жоп делира безамечу воккхачу стага.
– Нехан дегнаш къайле йу, начальннак, амма хӏинца цкъа машаре ду йуьртахь. Тхешан ницкъ кхочуш, зулам долуьйтур дац оха.
– Аш хӏун олу? – йуьртдайшкахьа вирзира Авалов.
– Домби бакълоь. Тхайн ницкъ кхочург дийр ду-кх оха.
Авалов хьалагӏеттира.
– Дика ду. Областан начальнико суна тӏедиллина шун йуьртана луьра таІзардар. Хӏинца цкъа, шун дашах тешна, дӏавоьду со. Амма, хаалаш, нагахь таханчул тӏаьхьа шуьгара цхьа чо гӏалатло йалахь, къинхетам хир боцийла.
Маьркӏажехь шен ротица йуьртах ваьлла Авалов, Гуьна а вахана, цигара ткъе йалхитта стаг а лаьцна, шолгӏачу дийнахь Ведана йухавирзира.
Амма, Гуьнара лецна балийна нах гӏопехь чу а бохкийтина, Авалов паргӏатвала а кхиале, хаам беара, махкатӏхой гӏевттина, Тангӏай ӏаьлбаган наиб а кхайкхийна аьлла.
Хӏинца иза валлал дохковаьллера ша командующин приказ кхочушцадарна.
Тахана кхуза кхача везара командующис йаккхий бакъонаш йелла воуьйту инарла Виберг. Оцу векъана-вехачу немцочуьнца цкъа а хьо-со ца хиллера Аваловн. Тӏе, шаьш аьлларг бен дош ца хетачу немцошца гӏуллакх дийца а, тардан а дара хала.