билгалбиний аш?
Ӏаьлбага ойла йира.
– Оцу тӏехь барт ца бина оха.
– Хьехийна а дац?
– Хьеха-м дина, барт ца хилла-кх.
– Хьан хӏун ойла йу ткъа?
– Сан цхьаннан ойла хьесапе ма йац, цу тӏе, царалахь массарел а со жима а хилча.
– Хӏетте а?
– Суна вайн халкъана маршо а, латта а деза. Ас сайн байракх кӏел меттиг лур бара маршо йезачу массо стагана. Къам а, бусалба а, керста а ца къестош.
– Динан дайша дуьхьало йийр йу тӏаккха.
– Ас къинхетамза хӏаллакбийр бара уьш, и «динан дай»…
– Цара халкъана хьалха, Делан мостагӏ вина, кхайкхор ву хьо…
– Дала хьеха! Халкъан мостагӏашкахьа ваьлла стаг – иза шайх, молла, хьажо велахь а, – сайн куьйга вуьйр вара ас. Цахуьлчу далахь, нохчийн махка тӏехь цхьа а молла а, хьаьжо а вуьтур вацара. Динан дай цахиларх халкъ дехар ду, амма маьрша доцу халкъ делла ду.
– Нагахь кху гӏаттамехь эшахь, тхьамданаш ӏедало бойъург хиларан шеко йац. И хаьий хьуна?
– Хаьа суна.
– Хьо къона ма ву хӏинца а. Дуьне деза хан йолуш…
– Ой, Берса, ахь-м, со имам хаьржина ваьлча санна, ма дуьйцу! – велавелира Іаьлбаг. – Хӏетте а, жоп лур ду ас. Маршонехьа къуьйсуш эгначу вайн дайшна ца дезара дуьне? Царна йукъахь бацара къонаниш? Дуьне, доьзалш, синтем ца безаш, бахана Маккхалгӏар Сибрех? Даймахке, халкъе безам бац хьан къона дегӏ заьӏап динарг? Оьшур шена тхо! Амма ӏожаллина хьалха оха бӏаьрнегӏар-м тухур дац. Тхаьш лечу дийнахь тӏаьхьене весет дийр ду-кх оха а: «Маршо йа Іожалла!» – аьлла.
Хӏара ӏаьлбаг цхьа сахьт хьалха Берсина тӏехӏоьттича, шен йуьхь-сибатца а, къамелца а цхьа тийна, эсала стаг вара. Горгачу йуьхьа тӏехь хаза тойинчу ӏаьржачу можана йуккъехула цхьа шатайпа цӏечу басахь йогура ал беснеш. Хьекъале ӏаьржа ши бӏаьрг а, ӏаьржа дуькъачу мекхашна кӏелхьара хаза балдаш а, стагана дуьхьал хьаьжча, делакъежаш хуьлура цуьнан. Іаьлбаган парталчу дегӏе хьаьжначунна дага а догӏур дацара, иза кху Нохчмахкахь уггар тоьлла бере ву аьлла.
Хӏинца цуьнга дӏахьажавеллачу Берсина шена хьалха буххера кхин стаг гира. Курра агӏор тесна горга корта. Ӏаьржачу, дуькъачу цІоцкъамашна йуккъехь гулбелла буьрса шад, къинхетаме, амма, цӏе санна, богу бӏаьргаш.
– Амма, гӏовттуш хилча, цхьана гӏуллакхан дуьхьа, цхьана