денош. Наггахь, хӏокхуьнан дог хьосту седа хуьлий, къегара Дешин амат. Дукха хан йалале, йуьртахь жӏаьлеш лета а, йукъ-йукъа маьхьарий а, наггахь тоьпан татанаш а хезира. Уьш гӏан-набарш тарйелла, бӏаьргаш ца боьллуш жимма ӏиллира иза. Амма маьхьарий а, тоьпан татанаш а луьстта дийла доьлча, бӏаьргаш биллира цо. Жимачу коре дӏахьаьжча, сатесний хиира цунна. Татанаш, маьхьарий гергагӏертара. Хьерадаьлча санна летара кертара а, лулара а жӏаьлеш. Хӏусамдай чохь болчу цӏийнан неӏ цӏевзира. Хӏара гӏан доцийла хиъна Болат, сихха хьалаиккхина, чоа тӏе а дуьйхина, йукъах шаьлта а йихкина, тапча доьхкарх а йоьллина, топ а карахь араоьккхуш воллуш, арахь хӏусамден мохь белира:
– Салтий бу, салтий!
Бӏаьрнегӏар тухучу йукъана сацам тӏеийцира Болата. Дуьхьало йар хьехочохь а дацара. Йуьртара нах, набарх а бовлале, дӏалецна хир ма бу. Хӏинца цкъа йуьртера баьлла бехк бац дуьхьалтоха. Стомара санна, гӏуллакх машаре дӏадерза а тарло. Ткъа дуьхьало йахь, бехкала оьгу. ТІаккха таІзар ду кийчча. Иза йуьрта тӏевеанчу шен бехкенна хуьлийла а ца лаьара цунна. Топ, тапчий кӏоргге маьнги кӏел а кхоьссина, йеккъа цхьана шаьлтанца араиккхира Болат. Хӏусамден гай тӏе цхьамзанаш таӏийна, шиъ салти лаьттара. Божал чохь а, йалтадухкурган неӏарх тийсалуш а вара масех салти а, нохчийн милцо а.
Болат шена тӏаьхьа неӏ тӏечӏагӏа а кхиале, шиннах цхьа цхьамза хӏокхуьнан некха тӏе бирзира.
– Кхин вуй чохь? Афонька, схьавоьл цхьа-шиъ! – тӏаьхьа мохь туьйхира цхьамма. – Чу а гӏой, хӏусам талла. Хьалхавала ший а! – Болатан гай тӏе цхьамза Іоьттира салтичо.
– Зачем? – цецваларан кеп хӏоттийра Болата. – Зачем пирода? Куда?
– «Зачем, куда»! – байн тоьпан бух тоьхна, хьалхаэккхийтира и шиъ салташа. – «Зачем, куда» хуур ду шуна, разбойникаш! Цхьана берда тӏе дӏа а хӏиттийна, шайна тӏе тоьпаш лаьцча, йа, диттийн генах муш тесна, хьалаозийча. Шу бахьанехь сийсара набаран суй ца бина оха.
Коьртара месаш дӏа а хьарчоза берзинчу когашца араиккхинчу хӏусамненан мохь белира, салтий гича.
– Ва-а-а, орцах довлийша!
– Мохь ма хьекха, йешап! – ха тоьхна иза йуьстах а йахийтина, чоьхьавелира Афонька.
Уьш гича, цІогӏа хьекха хӏоьттира