хиъначу Теркан областан начальнико инарла-адъютанто эло Святополк-мирскийс иза дӏайаздира Кавказан эскарийн Коьртачу штабан начальнике инарла-лейтенанте Карцовга, цо – тӏеман министре Милютине. ТІаьхьарчо цу хьокъехь сихха дӏахаийтира императоре Александр ІІ-че. Императоро, Смоленски губернаторна барта таІзар а деш, набахтера маршоне ваьккхира ӏумма.
Амма маршонехь а гӏуллакхаш дика дацара ӏуммин. Ӏедало схьахоьцу ахча кхачанна а ца тоьура. ЦІера дӏавуьгуш тӏехь хилла бедарш а, йоьхна, тӏелхигйевллера. Денна хӏара гучу цхьана эла-стуно арз йаздира паччахье, ӏуммера хьал дуьйцуш. Іуммина гӏоьнна цхьанаметта итт туьма ло аьлла, оцу кехата тӏе резолюци а йазйина, Смоленске йухадаийтира паччахьо.
Кхин а доьхна хьал хӏоьттинера Порховехь волчу Атабига. ХІара кхаба пачхьалкхан казнас баттахь схьахоьцург ткъе итт сом дара. Кхойтта сом – хІокхунна дуучунна-молучунна, вуьрхӏитта сом – хӏара чохь ӏачу хӏусаман дена. Шен кара кхочу кхойтта сом кхачанна а ца тоьура Атабина. ТІера бедарш, эттӏа, дӏайевллера. Чевнаш а йара йерзаза, йа царна дарбанаш лело лор а вацара. Атаби а ца ӏийнера тийна. Цунна тӏехдика Іаьрбийн мотт-йоза а хаьара. Цо кехат йаздира паччахье. Ахь ша, даош-малош, вусто а, хазаниг тӏедухуш, кечван а ца валийний хаьа шена, йаздора цо. Цкъа а шен дегӏана там ца лехнера ша къона волуш а. Йерриг къона хан хьуьжарехь, тӏаккха тӏейогӏург тӏамехь дӏайаханера шен. Дахаро ӏамийнера ша кӏеззигчух а тоам бан. Кхузахь шена ло кхача тоьу шена. Эттӏа бедарш мехаца тӏеттӏа а ийзош, дегӏ хьулдеш ӏа ша. Кхин кечвалар а ца оьшу шена. Амма шена тӏе дукха адам догӏу. Хьан элий, инарлаш, кхечу пачхьалкхера нах а. Леррина ахь, лаьцна, йийсаре а валийна, кхуза охьахаийча, ша цхьа гӏараваьлла къонах ву моьттуш, шега хьовса. Царна ша гӏийла, беркъа гича, цара хьуна бехкбилларна кхоьру ша. Хьайна дукха зен ца хилахь, шена духарна жимма харж йахьара ахь аьлла.
Дукха хан йаллале, Александр ІІ-чун омрица итт туьма ахча делира Атабина а. Итт туьмано духар нисдира Атабина, амма могашалла йара дено-дено оьшуш. Къаналла а ца ӏара шениг дитина. Атабис йуха а кехат йаздира паччахье. Ша, мел ваьхча а,