дерриг дуьненах хӏара вай чохь ӏен хьех а лур йацара ас…
Алу тӏехь йеттина овкъарх йуьзна сискалгӏин йеха тоьпаш, шен кучан йухах хьоькхуш, цӏанйина, текха а йехкина, божаршна хьалха йехкира зудчо. Текха йуккъехь кӏолдан масех мижарг а, иттех хох а бара.
– Хӏан, тӏехилал, кӏентий, – кӏегархиира Іумма. – Бисмиллахӏир-рохьманир-рохьим!
Хӏорш йаа буьйлалушшехь, чувелира герзах воттавелла тӏемало.
Ӏумма хаттарца дӏахьаьжира цуьнга.
– Шемал а, Дада а ву лаха чохь лаьтташ. Схьабохкуьйтий уьш?
– Цаьршимма хӏун до?
– Хаац, хьоьца гӏуллакх ду, боху.
– Кхин цхьа а вуй цаьрца?
– Шийтта шо хенара кӏант.
– Охьа а хаий, хӏума кхалла, Бугӏа.
– ӏойла дац, и шиъ соьга хьоьжуш лаьтта.
Сискалгӏийн ши топ чоин кисана а йоьллина, кӏолдан мижарг буйна а лаьцна, ӏумме хьаьжна, ладоьгӏуш сецира Бугӏа.
– Схьавалаве и шиъ. ТІаьхьа цІога доцуш буй-те уьш?
– Хила декхар-м дац. Дехьа-дехьара вайн гӏаролаш тийна Іа.
Бугӏа араваьлча, ойлане велира Іумма. ХІетталц цо мелла а сутара доху нох гӏелделира. Дӏайан гергайаханчу цӏерга ши бӏаьрг боьгӏна, цкъа кхаьллинарг йехха ӏуьйшуш, багахь керчош, халла къамкъаргах чоьхьайоккхура. Эххар, ша йолийна шолгӏа топ йуккъе йаьлча, иза текха охьа а йиллина, мекхех дайн куьг хьаькхна, йухахилира.
Хӏума йиъна бевлча, дукхахдерг сингаттамна, хӏор а цхьацца гӏуллакх дан хӏоьттира. Цхьа-шиъ, тоьпаш эцна, талла вахара, масех дечиган гӏайгӏа бан дагаршца, асанашца аравелира, бисинарш герз цӏандан а, шайн мача-маьхьси лето а буьйлира.
Месала куй гӏевланга а биллина, ши бӏаьрг хьаббина, аркъалтевжина ӏуьллура ӏумма. Хеттарш ца дахь а, нахана хаьара цо стенан ойла йо.
Цхьа сахьт даьлча, Бугӏа хьалха а волуш хьеха чу велира Шемал а, Дада а. Нахана йуккъехула а ваьлла, ма-воггӏура дена тӏеван гӏиллакхехь ца хетта ши кӏант, бисинчаьрца тӏекаре йеш, дуьхехь сецира. Ӏуммас ши бӏаьрг ца биллира, Мовсаран аз хаззалц.
– Ами! – мохь аьлла, веана тӏекхетта, денден йуькъачу можа тӏе йуьхь таӀийна, саийза вуьйлира кӏант.
Кӏентан коьртара баьккхина куй охьа а биллина, баьшна, хӏетта тӏебала боьллачу коьртах куьг хьаькхира ӏуммас. Буьрса дусаделлачу цІоцкъамашна йуккъе шад гулбелира. Велавала