бу-кх сан нийсса ах нах. Шун ойла хийцалахь, суна муха хуур ду?
– Хийцалойла дац. Дерриг лерина, оьзна, нисдина. Амма, хӏуъу хилахь а, хьайн стаг латтаве Пешхойн-Ломахь. Чов муха йу?
– Йирзина. Кхин хӏумма а дуй?
– Дац. Йухавоьду со.
– Буьйса йоккхуш ца ӏа хьо?
– Хӏан-хӏа. ДІакхача деза. Марша ӏойла!
Ша хьехара араваьлча, шега хьоьжуш лаьтташ Дада карийра Овхьадна. Лахо валлалц иза новкъа ваккха, цуьнца охьаволавелира Дада.
– Ладогӏахьа, Овхьад, хьо муха нисвелла ӏаьлбагца?
Овхьад велавелира.
– Муха нисвелла? Ваха а вахана, цунна тӏаьхьахӏоьттина-кх!
– Дукха хан йуй?
– Иза имам кхайкхочу буса дуьйна.
Дадас корта хьовзийра, ца кхеташ.
– Хьан да ӏедало лоруш, таро йолуш стаг ма ву. Тӏе, шу вежарий а ма дара ӏедалца гӏуллакх дика дӏанисделла.
– ӏумма а, цуьнан кӏентий а бацара ткъа ӏедало лоруш?
– Тхайниг ша ма ду, Овхьад. Тхан да ша дуьнен чу ваьлчхьана ву ӏедална дуьхьал. Ткъа шун доьзал даим муьтӏахь бу паччахьна.
– Доьзал алий, массо йукъа ма лацал ахь, Дада. Куьйган пхи пІелг а бац цхьатера, олуш ца хезна хьуна? Тхох хӀораннан шен-шен хьекъал ма ду.
Гӏашлойн некъ лахо баьлча, бердан тӏулгаш йуккъехула схьадеттало шийла шовда долчохь сецира Дада.
– Хӏара тӏаьхьакхуьу хьуна, Хьусайн. Дӏаволалохьа. Иштта-м дара иза, Овхьад. Хьайн лаамехь хьо ӏаьлбагна тӏаьхьахӏоттарх цецваьлла-кх со.
– Хьо а ма ву кхузахь?
– Сой? Со цаваьллачу денна ву кхузахь. Инарла Свистуновс ваийтина. Хьайн да шена тӏевалаве, ца валавахь, хьайн коьртан гӏайгӏа бе аьлла. Цо ца ваийтинехь а, хир вара со кхузахь. Сайн дений, вешиний дуьхьал ца лета. Амма доггах хир вацара. Вайша ӏовдалчех вац, Овхьад. Нохчашлахь дешна ву бохучу нахах ву. Кхин ца хаахь а, паччахьан ницкъ а, вешан къоман гӏорасизалла а хаьа. Вайл бӏозза даккхий къаьмнаш а ма ду хӏокху паччахьан ӏедална кӏел. Вай хӏун йу? Тӏом боцчу хенахь а тоьпа кӏел миллион салти хуьлу паччахьан. Ткъа вай, зударий а, бераш а цхьаьнатоьхча а, дац ши бӏе эзар а. Шен маршонехьа гӏеттинчу къоман йаккхий зӏенаш хила ма йеза арахьа. Цуьнан векалш хила ма беза кхечу мехкашкахь орца доьхуш. Цуьнан заводаш, фабрикаш йа, доцца аьлча, ондда экономикин бух хила беза. Цуьнан зорба хила деза адам