шеца мел къиза велахь а, цуьнан ӏедалчаша ша хехкахь а, мацалла вуьйш валлахь а, цо дозалла до шен паччахьах. Иза воккхаве Россис дӏа мел лаьцначу керлачу коржамах. Оцу хӏор а коржамо стамйо цуьнан къоман пачхьалкх, ницкъ ло цунна. Ахь ца хуьлу бахахь а, пайда а хуьлу муьжгашна. Шайн махкахь латта а доцуш, сагӏа доьхуш лела муьжгий керла дӏалецначу латтанаш тӏе дӏакхелха. Бухарчу аборигенийн латта ло царна. Изза дина Сибрехь, Йуккъерчу Азехь а, Кавказехь а. Массанхьа а. Изза деш ду дуьне доладелчхьана а.
Хьалха дӏаволавелла Хьусайн лохха мохь тоьхна кхайкхира Овхьаде. Шовданна тӏе а вахана, голаш тӏе а лахвелла, канашкахь эцна хи мелира Овхьада. Балдех чоин пхьош а хьаькхна, Дадина тӏевирзира иза.
– Доттагӏ, уьш дерриг а дика хаьа суна. Хӏара къийсамаш Буритӏехь а дукха хилла вайшиннан. Ахь хӏуъу дийцахь а, со теша адамашний, къаьмнашний йукъахь нийсо хӏуттург хиларх. Амма маршо а, нийсо а вайна хир йац, и ахь дуьйццург дуьйцуш, массо а таьӏна ӏахь. Цаьргахьа къийса ма деза, вешан синош а ца кхоош.
Дадас доккха садаьккхира.
– ХІокху гӏаттамах хиндерг хаьий хьуна? – хаьттира цо.
– Хаьа. Хьошур бу. Пугачевн, декабристийн, кхин-кхин гӏовттамаш а санна. Дийна бисинчу гӏовттамхошна тоьпаш тухур йу, ирхъухкур бу, каторге бохуьйтур бу.
– Хӏетте а, веана хьо хӏокхарна йукъа?
– Веана. Халкъах ваьлла, ваха меттиг ма бац сан. Вайн халкъ цкъа а маршонехьа къийсамна йуьстах ца ӏийна. Иза цкъа а ца ӏийна тийна, шена тӏехь латто харцо а, ӏазап а ловш. Ӏийр а дац. Нагахь тхан идеяш хьайн даго къобалйеш йацахь…
Дада гӏадвахана велавелира. Амма цуьнан велаваларехь доза доцуш гӏайгӏа хезира Овхьадна.
– Шек ма вала хьо, Овхьад, – ши белш лаьцна, иза вайн дӏасаластийра цо. – Хӏара гӏуллакх айса дагахь мел къобал ца дахь а, кхуьнан дуьхьа сайн са дӏалур ду ас. Нагахь хьалххе цхьанхьа ца вожахь, хӏара сан маргӏала дегӏ тангӏалкхаш кӏел кхозуш гур ду-кх хьуна, со йуха ца волуш!
– И хьехор дац вай, Дада. Вай эгначохь кхин гӏовттур бу! Хӏан, схьада хьайн дегІ. Марша ӏойла хьо! Кестта гур вайна.
Каде ведда, Овхьад тархашна йуккъехула къайлаваьлча, корта а хьовзийна, доккха са а даьккхина, йухавирзира Дада. Цо ойла йора Овхьадан. Дадин