Къехочун кӏант. Ткъа Садо йуьртден кӏант ву. Бугӏе хьаьжча, хьолахо ву иза. Залмин Дадас кхайкхам бича, Бугӏа уггар хьалха хӏоьттира цунна улло. Базох бекхам эца. Хьастагӏа шен куьйга цуьнан цӏенош дагийра Бугӏас. Йеа маьӏӏе а вуьйлуш, цӏе туьйсуш. Пайда бац, Базо а, Садо а ца вийча. Амма вуьйр-м ву.
Шен ойланех иза йукъахваьккхира лахахь гӏашновкъахь гучуваьллачу веа накъосто, уьш шайн ницкъ ма-кхоччу сихбелла богӏура. Чхерашна тӏехула кхийсалуш, некъ вочохь биълара тийсалуш.
– Хӏун хилла? – хаьттира Бугӏас накъостий гергакхаьчча, тарха тӏера чу а иккхина.
– Салтий бу богӏуш!
– Ой, топ хӏунда ца кхоьссира аш?
– ТІаккха тӏаьхьара бевр бацара уьш. Лахара йухабоьрзур бац-те аьлла, лечкъаш схьадогӏу тхо.
Сихбелла богӏу хехой уггар хьалха Дадина гира. Цара биначу хаамо меттахбехира йуург схьайаларе хьоьжуш ӏен хьехара нах.
– ТІамна кечдала деза вай, – элира, Іуммина тӏе а вахана, Дадас.
– Тодакх! – кӏанте хьаьжира ӏумма. – Эпсар ву, Дала витахь! Цара сарале, цхьогал санна, кӏур бина, схьалоьцур ду вай хӏокху хьехахь. Довда кечло сихха! Митӏа, некъ гайта хьалхавала! Кхузахь дала йиш йац вайн. Къийса деза.
Сов-ков хӏуманаш ӏадда а йуьтуш, герз, диг, кхин цхьацца оьш-оьшург схьа а эцна, арабовла кечбелира нах. Йеккъа цхьа Марха йара очакх тӏехь кхехкачу йай уллохь, ши куьг охьа а хецна, хӏоьттина лаьтташ.
– Хьо стенга хьоьжу? – цунна тӏевирзира Іумма.
– Со ца йогӏу.
– Ца йогӏу бохург хӏун ду? Же, ма ӏе!
Мархас корта ластийра.
– ДІагӏо, ӏумма-Хьаьжа. Со лелалур йац шуьца лаьмнашкахь. Шаьш кӏелхьардовла хьовса.
– Йолало, ца боху хьоьга?!
Марха гӏийлла йелакъежира.
– Ца йогӏу со, сох бала хир бу шуна. ДІагӏо. Салташа зудчунна хӏумма а дийр ма дац.
Цхьана минотехь ойла а йина, куьг ластийна, дӏаволавелира ӏумма.
Нах къайлабевлча, ара а йаьлла, гӏашновкъа охьахьаьжира Марха. Генна лаха чохь могӏа бина хьалабогӏу салтий гира цунна. Хьалха вара месала куй а болуш ламанхо. Нохчо йа Іаьндо. Масане бара уьш декъазчу хӏокхарна тӏаьхьа толлуш. Марха йехха лаьттира цигахь, салтий гергакхача боллалц. Тӏаккха, чу а йахана, шен топ йуьзна, лерга молха а диллина, хӏоъ-молха йукъахь долу йовлакхан шад эцна, йуха а