«Амма, цхьа а йоза ца хууш, хьайбанаш санна, Іачул, ӏаьрбийн мотт-йоза хаар а цхьа гӏоли йу, кхин ӏилма ца ӏамахь а, вовшашка кехат йаздан, шайн ойланаш дӏайазйан-х хуур дуй царна», – бохуш, бес-бесара ойланаш керчара ӏаьлбаган коьрта чохь.
Йух-йуха а доьшуш, и масех дош дагахь ӏамочу мутаӏеламийн йиш хаьллера. Массеран бӏаьргаш корехьа дӏахьуьйсура. Амма ӏаьлбаг цаьргахьа дӏахьожуш вац. Йа хаза а ца хеза церан гӏовгӏанаш.
«Ткъа, хӏокху дешарца цхьаьна тхан берашна, Берсина санна, оьрсийн мотт а, ӏилма а ӏамийча? – ӏаьлбаг гӏайгӏане велаозаво. – И дойту ткъа ӏедало? Соьлжа-Гӏалахь оьрсийн хьуьжар йиллина. Тхуна тӏехь шен урхалла латто оьшшучул нах ӏамо. Тхуна йукъахь шена гӏортораш хӏитто. Орцагӏеран, Чӏуьлгагӏеран, Девлат-Мирзагӏеран, Сарӏелагӏеран берашна. Ткъа кху чуьрниш саннарш цига аьттехьа а буьтур бац».
Іаьлбагна дагайеара пхийтта шо хьалха нохчийн масех ӏеламчо оьрсийн цхьана инарлин гӏоьнца Соьлжа-Гӏалахь къехошна йиллина хьуьжар. Нохчийн маттахь Іеламаш долуш жайна а доккхуш. Ши кӏира даьлча, дӏачӏегӏира иза, ӏедало гӏо а ца лаьцна. Амма луллахь ӏедало йиллина важа болх беш йу. Эпсарийн, совдегарийн, динан дайн берашна йиллинарг.
«Хӏаъ, буххенца хийца деза кху Нохчийчу хӏоьттина хьал. Цхьана махкахь, пачхьалкхехь, цхьана лаьтта тӏехь дехачу адамийн бакъонаш а цхьаъ хила йеза. Бусалбанийн а, керстанийн а. Латта а, бакъонаш а. Къийсамо бен нисдийр дац иза а, важа а. Машарца гӏуллакх ца дахь – тӀом…»
Ша Макка вахале йиллинера ӏаьлбага хӏара хьуьжар. Кхузара бераш деша-йаздан ӏамо. Кху агӏор гӏараваьлла молла а, хьуьнаре, майра къонах а волчу ӏаьлбаган хьуьжарехь деша луу бераш дуккха а гучудевлира. Кху йуьртара-м хьовха, гондӏарчу йарташкара а. Ӏаьлбага маьхза ӏамадора бераш. Амма уьш декхарийлахь дара дечиг латто а, хьуьжаран чоьнаш цӏанйан а, шайна кхачанан гӏайгӏа бан а. Цул сов, хӏор а кӏиранах цхьана дийнахь цо бераш ӏамадора говрашкахь хьуьнарш гайта а, охьатохарх лата а, нийса топ тоха а, хьаннашкахула, лекхачу лаьмнаш тӏехула лела а.
Цкъа а цамгарш лехьош вацара ӏаьлбаг. Амма тахана, наггахь коьрте лазар хьодуш, дагар дара цунна. Дегӏ а дара тхьуздоьлла. Охьавижар-м хир дацара, шийлачу хица корта мукъане а буьлур бара-кх. Гӏоли хир йацара-те?