схьа дошан дарц деттара.
– Хьалхатаӏар саца а дайтий, йаккхий тоьпаш хьалхайахийта, – элира Смекаловс, турмал охьайахийтина, тӏехьа а хьаьжна. – Батареян командире Шервашидзега йуьртана тӏе хӏоьънаш, чаччамаш, гранаташ тоха ала, ейеш.
Ах сахьт далале йуьртана тӏехула ӏаьржа кӏур баьржира. Сетташ, цӏеран меттанаш оьхура стигала. ГІовттамхой дӏатийра.
– Хӏинца хьалхатаӏа ала отряде, – доцца приказ делира Смекаловс.
Батарея йуккъехь йуьтуш, шиний агӏор хьалайолайелира апшеронцийн ши батальон. Церан флангаш къовлуш, йуьртана тӏейуьйлайелира дегӏастанхойн гӏашлойн дружина, аьрру флангехь гӏалгӏазкхийн, гӏалгӏайн дошлойн сотняш. Гӏовттамхоша шозза йухабехира бердаца хьалагӏоьртина апшеронцаш. Смекаловс приказ делира, йаккхий тоьпаш кхин а улло а озий, йуьртан йисттерчу цӏеношна тӏетоха аьлла. Ах сахьт далале лагӏйелира цигара схьайен дуьхьало. Йаккхийчу тоьпаша новкъарло йора йурт ларйархошна цхьанхьа гулбала. Апшеронцийн хьалхара батальон а, дегӏастанхойн дружина а бердах хьала а йаьлла, йуьрта йуьйлира. Амма, толам карабеана аьлла хеттачу хенахь, аьтту флангехула йуьртана тӏейоьду кхоалгӏа батальон кешнашкахь луьрачу дуьхьалонна тӏеӏоттайелира.
– Сихонца артиллерин взвод хьажайе кешнашка! – бӏаьргашкара турмал дӏа а ца йоккхуш, приказ делира Смекаловс.
Дукха ца ӏаш, хӏоьънаш эга дуьйлира кешнашка. Кеглуш, кескаш йуьйлуш, хӏаваэ хьалаоьхура чарташ. Дехха тасадалар хиллачул тӏаьхьа кешнаш дӏалийцира апшеронцаша.
– Йукъарчу штурмана сигнал ло!
Ахка тӏехула лаккха стигала а йахана, ӏаддаргӏа йеш, хьаьвзина, йайра сийна ракета.
– Йерриг йаккхий тоьпаш йуьртаний, кешнашний тӏетоха!
Массанхьа а йоьза зурманаш, вотанаш йийкира.
Тогӏи дӏалаьцна дийкира масех эзар къамкъарго хецна «ура». ХІетталц резервехь лаьттина дакъош а хьалхатаьӏира. Йуьртахь а, кешнашкахь а лелхара хӏоьънаш, гранаташ. Амма, говза маневр йина, Ахкан бердаца йолчу хьуьн тӏехьа бевллачу гӏовттамхоша кӏуркӏамане хьовзийра резервера апшеронцийн йиъ ротий, гӏашйаьлла дегӏастанхойн дошлойн милиций.
Оцу минотехь полковнико Накашидзес гӏашлойн цхьа дакъа хьуьн тӏе дерзийра.