лар йойъур йу мятежан. Баркалла шуна!
– Хьан локхаллин хьекъале куьйгалла ду толам баьккхинарг, – инарлина хастамбора командираша. – Ахь дуьгу тхо хьалха.
– Ма дийцалаш! – там хилла, корта хьийзабора Алексей Михайловича. – Шу ца хилча, ас дан хӏумма а дац. Баркалла шуна! Поручик Эриванцев, хьан сотнехь дараш дукха хиллий?
– Йалх вийна, цхьайттана чевнаш хилла, хьан локхалла. Чов хилла цхьаъ, минотана а тешам боцуш, чӏогӏа ву.
Коьрта долчу декъана ламанхойн куьйгашца хӏара гӏаттам хьашийтаран политика схьалаьцнера командованис йуьххьехь дуьйна. Цундела инарла Смекаловс догъоьцура тӏамехь гоьбевллачу а, чевнаш хиллачу а ламанхойн. Поручикца цхьаьна гӏалгӏайн сотня йолчу вахара иза. Лагерехь цхьана маьӏӏехь туп тоьхна ӏен уьш кхоьлина карийра цунна. Ул-улло охьа а дехкина, тӏе вертанаш тийсина ӏуьллура йалх дакъа. Чӏогӏа чевнаш йоцу итт дархо, инарла тӏевеача, хьалагӏеттира.
– Ховший Іе, – куьг ластийра Смекаловс. – Садаӏа.
Дехьо ӏуьллучу чӏогӏачу дархочунна уллохь, сих-сиха цунна хи а луш, хиъна Іара масех стаг. Царах цхьаннан карахь ӏуьллура чов хиллачун базбелла корта.
– Чӏогӏа ву иза? – хаьттира инарлас, шена тӏехьа лаьттачу барсукъойн старшине прапорщике Сампиевга.
– Чӏогӏа ву, хьан локхалла. Тховса лийр ву иза. Корта лаьцна ӏийриг ваша ву цуьнан. ЦІахь къена нана йу цаьршинга хьоьжуш.
Смекаловс бӏаьрг туьйхира таррашна тӏе тевжина а, шаьлтанийн макъаршна тӏе куьйгаш дехкина а лаьттачу дошлошка.
– Кху тӏаьххьарчу тӏамехь хьуьнар а, майралла а гайтина аш, – элира инарлас мохь тоьххана. – Майра джигиташ ду шу! Тӏамехь гоьбевллачарна мидалш лур йу. Ткъа ахь, поручик, хӏор а дошлочунна кхоккха сом, чевнаш хиллачарна туьманаш ахча далар вовшахтоха. Байъинчийн доьзалшна а, оцу чӏогӏа чов хиллачун нанна а пхиппа туьманаш дахьийтахьа. Аш дина гӏуллакх а, Іанийна цӏий а эрна дуьтур дац командованис. Баркалла шуна!
Толам базбеш, отрядна де-буьйса мукъа делира Смекаловс. Хӏор а салтичунна шишша порци къаьркъа а далийтира. Ткъа даа жижиг-м шортта ма дара. Йохийначу йарташкара контрибуцина далийна даьхний аренгарчу гӏаьпнашка а, Грозный а хьовсош, оьшучул тӏех отрядехь а дуьтура.