Шегахь мел бала белахь а, кӏантах дӏа а къаьстина, хьешашна гонах хьаьвзира Айза:
– ӏусман, стерчий паргӏатдаха… Янаркъа, шуьшиъ чувола.
– Тхойша тхоьга гӏур ву, Айза.
– Шуьга дан а дац. Жовхӏаргӏар цхьана тоьли чохь тӏе-кӏел бохку.
– Хӏан-хӏа, Айза. Чугӏо. Охашимма цхьаъ дер. Хьалххе гӏовтта а деза. Ӏумарна са ма гатде. Цхьадика, даьӏахк дийна йисина. Динбергаш атий, чевнна тӏейахка. Йоьрзур йу. Хӏан, шун Іодика йойла. Паргӏат хила.
Янаркъа а, Михаил а дӏавахча, хӏорш, чу а бахана, стогар латийна, охьахевшина а бовлале схьадеара Эсет а, Мохьмад а. Мотт биллина, Іумар охьа а вижийна, белха буьйлира зударий. Іумарна шенна билхина ца Іаш, массарна а.
Зударшна карладелира дӏадахана шайн къаьхьа дахар, бералла а, дай-наной а, йиша-ваша а, Аьрзу а, ӏела а, Маккхал а… Хӏокху масех баттахь байъинарш а, шайн дохийна баннаш а. Дерриг карладелира. Корталийн тӏемаш охьа а хецна, цӏенкъа а богӏабелла, боьлхура уьш. Дикка билхина, дегнаш а хьаийна, тӏаккха ӏумарна гонах хьаьвзира:
– Дукха лозий? – цуьнан хьаьжа тӏе барт баьккхира Эсета. – Хьан бос ма байна, чов луьра йу-те?
– Хӏан-хӏа, деца. Цкъа говро, тӏаккха вордано вовшахвиттина. Жимма садаьӏча, меттавогӏур ву.
– Вай, деца йала хьан делаӏ, ма вон ӏовжийна хьо оцу Дала дӏаэцарша… ӏусман, вадий гӏой, Ахьмаде кхайкхал. Чов йуха ца йихкича йер йац.
– Ца оьшу, деца, – корта ластийра ӏумара. – Кхана цхьаъ дер вай.
Ши бӏаьрг хих а буьзна Іумарна улло хиъна ӏийна Мохьмад а эцна, тӏаьхьо дӏайахара Эсет.
И буьйса набарза йаьккхира доьзало. Йуьхьанца хаза вистхуьлуш волу Іумар, набаран тар туьйсуш санна, кӏез-кӏезиг туьйш, дӏатийра. Цунна наб озийна моьттуш, паргӏатделира Айза а, ӏусман а. Амма, жимма ӏийча, тӏамарш дӏасатуьйсуш, цкъа «ахӏ» дина, тӏаккха кхетамха а ваьлла, лен вуьйлира иза. Хьала а гӏеттина, йахана, кӏентан хьаьжа тӏе куьг диллира Айзас. Хьаж а, дегӏ а, цӏе летча санна, догура. Хьацаро дашийна лашкадаьккхинера коч-хеча. Шийлачу хица йашош, кӏентан хьаьж тӏе кӏадинан асанаш йохкуш, дакъаделла лилхинчу балдашна хиш хьоькхуш, сахуьлунга бевлира уьш.
Шолгӏачу дийнахь, лулара Акхболатан Ахьмад а кхайкхина, чов йухайехкийтича, суьйранна, дагар лахделла, наб йан вуьйлира ӏумар.