а ца гуш. Йеттачу йаккхийчу тоьпаша, адамийн, говрийн когаша дегадора латта. Цхьа сахьт далале латта къайладоккхура адамийн, говрийн декъаша. Йаккхийчу тоьпийн хӏоънаша лелхийтина, дӏасакхийсина адамийн настарш, пхьаьрсаш, кортош, чуьйраш. ТІом чекхбаьлча дӏадохка кхиале, дестий, севсий, дахкалой карадора декъий. Тӏехула хьаргӏанийн ардангаш, сила даккхийчу сийначу мозийн вой а хьийзаш.
– Декъий лаьттах духкура аш?
– Тӏаккха ткъа.
– Хӏоранна каш а доккхуш?
– Царна хӏоранна каш даьккхина мила волу? ТІекӏел цхьана боьра йа берда кӏел а кхуьйсий, тӏе латта хьокхура-кх.
– Молла варий шун?
– Иза стенна оьшу тӏамехь вийначунна?
– Дукха байъиний вайнах?
– Дикка байъина. Цхьа а тӏом чекх ца болура масех стаг ца вуьйш. Цкъа туркойн букъа тӏехьа хецнера тхо. Шайна ма-ттов лета аьлла. Цкъа, цхьана буса, Субтан цӏе йолчу йуьрта уллохь туп тоьхна сецнера туркойн эскар. Вайниш генахь дара. Маьркӏажехь новкъа йаьлла тхан полк, гатесна йахана, туркошна тӏехьа а йаьлла, наб кхетта Іачу оцу туьпа иккхира. Туркой самабовла кхиале, шиний агӏор йетташ, уьш цоьстуш, ткъесах чекхлилхира тхо. Цкъа, Кхизал-тепа цӏе йолчу ломахь боккха тӏом болуш, уггар халачу метте хӏоттийра нохчийн а, суьйлийн а ши полк. Оха туркой сецош, йухадевлира вайн эскарш. Даккхий зенаш а хуьлуш. Цхьа эзар салти висира вийна, кхин а дукха бара чевнаш хилларш. Дукха хан йалале йуха а туркойн букъа тӏехьа хьажийра нохчийн полк. Хьийзина-а, дахана, Мухтар-пашин дошлойн эскаран туьпа лилхира тхо. Шайн говраш тӏера нуьйраш дӏа а йаьхна, паргӏатбевлла, бийшина ӏохкучу царна, «вуьррей» аьлла, маьхьарий тоьхна, йукъахьаьлхинчу оха, вайн гӏабакхаш санна, цистира уьш. Доцца аьлча, шайтӏанах санна, кхоьрура туркой вайнехан полках.
Леррина ладоьгӏуш Іен Васал, цхьаъ ала ойла хилла, меттахъхьера.
– Ахь дийцарехь, аш даккхий хьуьнарш гайтина-кх цигахь.
– Цкъа а букъ-м ца гайтира.
Цигаьрка оза ойла хилла, гӏовталан кисана куьг дахийтира Васала. ТІаккха, ша маьждигна уллохь хилар дага а деана, доккха са а даьккхина, Солтхане хьаьжира.
– Дика летта, дика. Хьаха, бу майра кӏентий! Цундела хьо, некха тӏе ордалш оьхкина, ахчанах киса а