Цуьнан аьтто хилира меттигерчу эпсаршкахулий, совдегаршкахулий, динан дайшкахулий, ша эцначу дуккха а агенташкахулий нохчий оцу бартан цхьаццайолчу пункташна тӏера йухабаха. Шаьш дерригенах хадарна кхоьруш, шайна дукха мехала ца хетачу пункташна тӏера йухабуьйлура уьш, амма, оцу машаран бартаца шаьш йаьхна бакъонаш шайгахь совцо гӏерташ, биллина дӏа вайца къийсам а латтабора.
Динан фанатизмах дерг аьлча, нохчийн къийсамехь суна ца гина иза. Мила ву динан фанатик? Цкъа-делахь, и тайпа стаг шен динан идеян дуьхьа вехаш а, цуьнан дуьхьа шен са дӏадала кийча а хила веза. Шолгӏа-делахь, фанатикна хийра йу оцу шен динца цхьаьна ца йогӏу муьлхха а идеяш а, хьежамаш а. Нохчийчохь суна ца хаавелла динан фанатик. Суна ца хезна, делан дуьхьа, динан идеян дуьхьа нохчо велла бохуш. Хӏокху гӏаттаман могӏара дакъалацархой-м хьовха, цуьнан тхьамданаш а ларло ӏожаллех. Шайн дахарна кхерам болуш меттиг тӏенисйелча, дукхе-дукха сиха йухабовлу уьш. Делах-м, дера, теша. Амма Делах тешаро церан дегнаш чохь вайга, керстанашка, цабезам кхоллац. И цабезам кхоьллинарш маситта шарахь вайца хилла тӏом а, уьш къарбеш вайгара йийлина къизаллаш а йу. Оцу тӏе тоха шайна церан гӏиллакхашций, амалшций цхьаьна ца догӏу вай церан кочаӏуьтту ӏедал а. Нохчийн вайга болчу цабезаман а, мостагӏаллин а хьоста цаьрца ду, амма и цабезам а, оьгӏазло а, мостагӏалла а марсадаха некъ цара Къуръан чохь лоьху. ТІе, и нохчий философаш а бац, уьш позитивисташ а, практикаш а бу. Нагахь вайн бакъонашкахьа къийсамехь вайл тола шайгахь ницкъ хир бу аьлла хетахь, вайх лата а, шаьш марсабаха а, ткъа шаьш оьшур ду аьлла хетахь, вайца машар бан а, шайн оьгӏазло йухаоза а – шиний агӏор некъ лоху цара Къуръан тӏехь.
Амма, дукхахьолахь, уьш бохаме тоьттург церан сонталла йу. ХІокху гӏаттамехь суна сайн бӏаьргашца гина церан кегийрхой вайх леташ. Цара суна дагадохкуьйтура Парижан баррикадашкахь лета ураман бераш, блузникаш. Цхьа а тайпа оьгӏазло йоцуш, цхьана а тайпана тӏаьхьалонна ойла ца йеш, самукъане летара уьш!