ламанхой Турце хӏунда уьду? – хаьттира Евгений Ивановича.
– Оьрсийн правительствон харцонах а, къизаллех а, шайн къоьллех а бевдда. Тӏе, Евгений Иванович, цхьа ламанхой хилла ца ӏа Россера дӏауьдуш. Маса эзарнаш оьрсий, малороссаш, белорусаш бахана Америке? Шайн даймок, шайн халкъаш ца дезаш ца уьду уьш цига, ткъа, хӏара ламанхой санна, кхузарчу къизаллех, харцонех, къоьллех уьду. Нагахь шийтта шо хьалха нохчий Турце кхалхар царна туркой а, церан паччахь а везаш хилла моттахь, иза бакъ дац. Шайн гӏаттам хьаьшча, кхелхина бахана дуккха а донски гӏалгӏазкхий тахана а бу Турцехь. Туркошца тӏом хилча, оьрсийн эскаршна дуьхьал а лета уьш. Цигахь тахана а бу, европейски революци хьаьшча, бевдда бахана французийн, немцойн, полякийн, австрийн, венгрийн а бӏеннаш революционераш. Тахана оьрсийн революционераш а бу, паччахьан ӏедало Россера арабаьхна, малхбузе мехкашкахь баьржина. Кхолламо баьхна уьш шайн махках а, халкъах а. Тхешан маршо, даймохк ларбеш, тхешан ницкъ эшна, кӏелдиссалц летта тхо оьрсийн паччахьна дуьхьал. Амма тхан жима халкъ эшийра дуьненахь нуьцкъалчарна йуккъехь а нуьцкъалчу оьрсийн империс. Тхан бертаза кочадеана паччахьан олалла. Тхуна мел ца лаахь а, ца дезахь а, Россица, оьрсийн халкъаца бу тхан исторически кхоллам. Тхаьш санна, ӏазапехь доллуш оьрсийн халкъ хиларна, цуьнан гӏоьнца мацца а цкъа тхайна маршо а, ирс а хиларх дог а доху.
Тӏаккха тхан къамел туркошца тӏаме йаханчу нохчийн полкана тӏеделира.
Берсас гӏайгӏане корта хьовзийра.
– Даим туркоша, персаша хьийзош бӏарзбинчу гуьржаша, шаьш Турцина, Иранна йа Россина цхьанна кога кӏел дахаза ца довлийла хиъча, оцу кхааннах цхьаъ къасто дезаш, кхо некъ хӏоьттича, шайца цхьана динехь йолу Росси къастийра. Дера, тхан а ма бу тхаьшца цхьана динехь болчу туркошка озабезам. Хӏетте а, тхан дай цкъа а ца хӏиттина туркойн, персийн, кхечу бусалба паччахьийн байракхаш кӏел. Уьш, тхаьш санна, бусалбанаш хиллехь а. Хӏара таханлера туркошца болу тӏом – дуьненан нуьцкъалчу паччахьийн а, пачхьалкхийн а политикин, девнийн а тӏаьхьало йу. Ишттачу тӏамехь дакъалацар шатайпа гӏо ду мехкаш дӏалецархошний, халкъашкахь