теша хала ду, Берса Рохьмадович.
Берсин йуьхь кхоьлира.
– Оцу дерригенах а кхетархьама, тхан къоман амалш йовза йеза, Евгений Иванович, – элира цо. – Арахьарчу стагаца а, кхечу къомаца а гӏиллакх а, йахь а лелор цӏийх доьлла тхан. Цунна тоьшалла ду тхан къоман йерриг истори. Нохчаша туш лора шайн феодалех бевдда кхуза баьхкинчу муьлххачу а къоман нахана. Бусалба а, керста а ца хоьржуш. Ткъа тӏом болуш бевдда тхуна йукъа бӏеннаш салтий баьхкиний а, уьш инарлашка дӏа ца бала, нохчаша шайн йарташ йагайойтуш хиллий а хаьа шуна. И цхьаъ ду. Ӏедалой, иза дӏакхоьхьучу цхьацца нахий кхуллу халкъашна йукъахь мостагӏалла. Амма халкъаш ӏехор гена доьдуш гӏуллакх дац. Тахана ца кхетахь а, кхана-лама халкъаш кхета. Нохчашна-м дукха хенахь дуьйна хаьара шайн бохамашна, къоьллина, ӏазапна бехке оьрсийн халкъ доцийла, ткъа и ша а ӏазапехь даллош оьрсийн паччахьан ӏедал дуйла. Тӏе, нохчий хьега дӏора дика хьал а ма дац оьрсийн халкъехь а. Ас дийца ца оьшу иза. Ӏедало дийнатийн хьелашкахь ма латтабо муьжгий. Хӏара ӏедал тӏедаллац, цхьа доьзал санна, бертахь ма баьхна нохчий а, гӏалгӏазкхий а. Ӏедало битахьара, хӏинца а иштта ӏийр бара, жимма а адамалла долуш хӏара ӏедал делахьара.
Берсас, бете йовлакх лаьцна, кӏажвахана йекъа йовхарш туьйхира.
– Бехк ма биллалаш, – элира цо, халла дӏа а тийна. – Ткъа шайн долахь бӏе, пхи бӏе десятин латтанаш дӏалецна эпсарш а, совдегарш а! Иштта кхин а лаьхьарчий мел дукха ду! Кхузахь ӏедалан гӏортораш хилла лаьтташ долу. Доцца аьлча, ӏедална, цуьнан хьадалчашна дуьхьал гӏевттина нохчий. Цундела гӏовттамхоша бекхам оьцу, ӏедалчех-м хьовха, ткъа иштта нохчийн йуьртдайх, динан дайх, совдегарех. Амма машаречу оьрсичун коьрта тӏера чо а талхо ойла а йац. Суна хетарехь, нохчаша айъинарг массеран а йукъара гӏуллакх ду. Амма ӏедало цунах кхета битац кху махкара оьрсий.
Хӏокху тӏаьххьарчу бӏешаро инзаре баккхий хийцамаш бина нохчийн къоман синкхетамехь. Вочу агӏор. Цунна дало масалш дуккха а дара, делахь а, хӏокху таханенна тӏедогӏучу цхьанна тӏехь соцур со.
Нохчийн йарташкахула лелаш, суна хааделира хӏокху халкъан дуккха а барта иллеш хилар. Уьш дерриг а турпалаллин иллеш