йарташ дӏа а йаьхна, гӏалгӏазкхийн станицашна делла кхо бӏе эзар десятин сов латта, шийтта эзар десятин тӏех пачхьалкхан дола даьккхина. Грозный-гӏала а йу нохчийн махка тӏехь йиллина. Цул сов, меттигерчу нохчийн, оьрсийн эпсаршний, чиновникашний совгӏатна декъна ткъе итт эзар десятин гергга. Тӏе, Нохчийчуьра йерриг хьаннаш пачхьалкхан дола йаьхна, нохчочун бакъо йац цигара сара хадо а. Дукхахболу туземцаш гӏалгӏазкхийн станицашка йолах болх бан боьлху, ткъа йуханехьа дерг наггахь бен ца нисло.
Гӏалгӏазкхашна латта далар-м оццул новкъа а ца хета нохчашна. Царна халахетарг кхин ду: важа бисина мохк пачхьалкхан долабаккхар. Цул а тӏех ӏеткъа царна элашний, инарлашний, эпсаршний совгӏатна латта далар. Масала, луларчу халкъийн элашна: Турловна, Алхазовна, Эльдаровна шингара хьала диъ эзар десятине кхаччалц делла. Нохчийн эпсаршна: Чермоевгӏарна, Шамурзаевгӏарна, Курумовгӏарна, кхин а иттаннашна – шина бӏенера ворхӏ бӏе десятине кхаччалц. Вукху кегийчу веччалгашна – совдегаршна, динан дайшна, йуьртдайшна а – кхаьчна бӏенгара шина бӏене кхаччалц десятинаш.
Тӏе, оцу шина агӏорхьарчарна йукъахь машар хӏотторна новкъарло йо кху Теркан областехь йуьхьанца тӏеман-стратегически ӏалашонца йехкинчу станицаша а. Нохчийн йартийн а, гӏалгӏазкхийн станицийн а мехкаш йуткъачу, йехачу асанашца чуччаихна, вовшийн йукъалоьцуш нисдина. Шайн кхаш тӏе, лула-кула йуьрта йа станице боьлху уьш, вовшийн мехкашна тӏехула бийла дезаш йа генахула гатесна баха дезаш хиларна, шунашний, некъашний, тӏайшний тӏехула хаддаза девнаш хуьлу церан.
Гӏалгӏазкхашний, нохчашний йукъахь лаьттачу мостагӏаллин бахьанаш берхӏитта шо хьалха чекхбаьллачу дуккха а шерийн тӏамах дохку бахахь а, цхьана агӏор иза иштта делахь а, амма коьрта бахьанаш правительствон социально-экономически политико кхоьллина.
Цунна масалш дуккха а ду…
Хууш ма-хиллара, гӏалгӏазкхийн областашна правительствос шатайпа автономи йеллехь а, церан йукъараллехь мелла а демократи йелахь а, амма цигара политически а, граждански а ӏедал хьолахошна аьттонна а, могӏара гӏалгӏазкхий таӏийна латто а, царна йукъахь феодальни