кара а делла дӏахІоттош верг хьекъале а, догцӏена а, хьанал а, халкъо лоруш, сийдеш а стаг хила ма веза. Ишттаниг полицис цкъа а ма ца хӏоттаво. Йуьртдай хӏиттор пурстоьпна караделла. Областан начальникан-м хьовха, округан начальникан а хан ма йац уьш хержа а, хӏитто а. Ткъа пурстоьпо ца лоьху баккъал а йуьртдай хинболу, халкъо лоьруш болу хьанала нах. Ша йарташка вахча, шена гӏулакх динарг, шена хьаставелларг хӏоттаво цо. Йа, вуьшта аьлча, ша чукхайкхинарг, шена тӏе мотт беанарг, нах цабезарг, нахана а цавезарг, эхь а, оьздангалла а хӏун йу ца хуу нах. Йарташкахь ӏедал шайн каракхаьчча, оцу наха шайна луъург ма до. Шайна безачаьргахьа, гергарчаьргахьа озабезамаш бо, шайн мостагӏех бекхамаш оьцу. Дукха хьолахь, йуьртдай шаьш къуйн гӏеранийн членаш хуьлу. Бакъболу зуламхой ӏедалх лечкъабо, бехкебоцчу нахана таӏзарш дойту. Уьш вайн ӏедало хӏиттош болу дела, цара лело харцо вай къобал а йо дела, уьш а, ӏедал а цхьаъ лоруш, ӏедалехьа безам бац туземни бахархойн.
Оцу тӏехь цуьрриг харц а бац уьш. Цундела цецдовла а ца оьшу гӏевттинчу нохчаша бекхам уггар хьалха шайн йуьртдайх оьцуш хиларх.
Лан амал доцуш хьарам ду вайн ӏедало оцу шиний агӏонхьарчу нахах даьлла зуламан гӏуллакхаш къастор а, таӏзардар а. Нагахь санна гӏалгӏазкхичун махка тӏехь вийначу туземцан дакъа карадахь, гӏуллакх толлучара иза сихха дӏакъовлу: гӏалгӏазкхичо иза, ша шен ларвеш йа къоланна тӏехь схьалаьцна, вийна олий. Хӏинццалц схьа цкъа а ца нисйелла туземец вийначу гӏалгӏазкхичунна законехь догӏу таӏзар деш меттиг. Цундела гӏалгӏазкхий тоххарехь тешна хӏара туземцаш законна арахьа хиларх а, царна тӏехь шаьш шайггара суд йича, ӏедало шайга жоп доьхург цахиларх а. Шайн стаг вийна гӏалгӏазкхи ца лехча, йа иза мила ву а хууш, таӏзар ца деш, ӏедало маьрша витича, туземцаша шаьш чӏир йоькху. Цуьнан гергарчара, баха а боьлхий, цхьанхьа кӏело а йой, оцу станицера гӏалгӏазкхи воь. Тӏаккха хӏокху тӏаьххьарчара а, шайн аьтто ма-нисбеллинехь, туземцийн эвлара шаьш хьалха тӏенисвелла стаг воь. Иштта, дуьхь-дуьхьал нах бойъуш, цкъа а хедар боцу го хилла хьийза кхузахь и гӏуллакх.
Амма Теркан областерчу туземцашкара зулам