ма йайта. Шуна цхьанне а ца хаьа сан дагара. Сан аьтту пхьарс хиллехь, тахана шуьца хир вара со.
– Акхтина оьгӏаз ма гӏолахь, Солтха. Иштта ша дера стаг ма ву иза.
Уггар хьалха йуьрта лилхира гӏалгӏазкхийн а, лаамхойн а дошлой. Тӏаккха бӏаьхаллин низамехь йуьрта йуьйлира Кабардински гӏашлойн полкан масех рота а, шиъ йоккха топ а. Отрядан дукхахдолу дакъош, ца совцуш, Шовхал-Бердехьа хьаладахара.
Хьалха йуьрта иккхинчу гӏалгӏазкхийн сотница Хортӏин Асхьад а, иттех ишхочуьнца Ботар а, шена ца бевза нохчий а гира Солтханна. Отряд тӏеэца кечбелла маьждиган майданахь лаьттара Хортӏа, Товсолта-Хьаьжа, Инарла, ЧІонакъа.
Солтха парггӏат волавелла майдана охьачувоьссира. Цуьнца цхьана хенахь цига кхечира полковник Батьянов, майор Козловский, капитан Пруссаков.
Хортӏагӏарна тӏе а ца воьдуш, йуьстахо сецна, ладуьйгӏира Солтхана. Товсолта-Хьаьжа улло а ваьккхина тӏевахна, полковнике маршалла хаьттира Хортӏас.
Товсолта-Хьаьжас шина-кхаа минотехь хастаман дош элира.
– Тхан сийлахь палконак! Гати-Юьртан бахархойн цӏарах оха декъалво хьо паччахьан ӏедалан, бусалба динан мостагӏашна тӏехь ахь баьккхинчу толамца. Дала аьлла ду, Ша бакъонца дерг бен толуьйтур дац, Ша хӏоттийначу паччахьна, цуьнгахула кхайкхийначу ӏедална, и ӏедал дӏакхоьхьучу нахана а дуьхьалваьллачу зуламхочунна – цкъа дуьненахь, йуха кханалерчу эхартахь а – шозза таӏзар дийр ду ша. Везахинволчу Дала аьтто бойла вайн паччахьан, цуьнан элийн, эпсарийн, салтийн хӏокху лаьмнашкахь зуламна гӏевттинчу нахана таӏзар дан, туркошна тӏехь толам баккха.
– Амин! – элира Хортӏас.
– Аллахӏу амин! – тӏаьхьара айъира Инарлас а, Ботара а.
– Хӏинца тхан дехар ду сийлахьчу палконаке. Йурт йохош, тхо цхьадолчийн – паччахьан, цуьнан ӏедалан а муьтӏахьчу йалхойн – бахамашна зен цадаккхийтар…
– Мятежникаш мича баха? – моллин хабар хадийра Батьяновс.
– Регӏа бевлла, – хьала куьг хьажийра Хортӏас.
Хортӏин куьйгана тӏаьхьа регӏа хьала а хьаьжна, ойла а йина, куьг ластийра полковнико. Тӏаккха уллохь лаьттачу гӏумкийн сотнин командирна майорна Мусина а, гӏалгӏазкхийн сотнин командирна майорна Чекуновна а тӏевирзира иза: