Ӏожална кхел хилларш
Кӏелхьарабохуш,
Шаьш-шайна ӏожалла
Кечйора цара…
Эсхил
Августехь генеральни тӏелатар долийра командованис. Нохчмахка хьалагӏоьртина Батьяновн отряд шозза кхиамза йухайелира Хаси-Юьрта, хьалха нисйеллачу йарташкара амалташ а бохуш, некъашца долу йалташ а дохош.
Эххар а, Дегӏастанарчу Перликан а, Тер-Асатуровн а отрядаша гӏо а деш, Нохчмехкан дега йуккъе веара иза.
Смекалов коьртачу отрядца Бена кхаьчча, кхузахь цхьа а са дацара. Божарий ӏаьлбагца дӏабаханера, ткъа къенаниш а, зударий а, бераш а хьаннашкахь къайлабевллера. Маьӏ-маьІӏехь даьржина дагийна цӏенош дара хӏинца а кӏур туьйсуш. Хьаннашкара бахархой схьагулбан хьовсийра отрядехь гӏуллакхден нохчий. Суьйранна тӏелхигбевлла ши бӏе сов зударий а, ахдерзина бераш а гулдира эвлан йуккъерчу майдана. Инарла гучуваьлча, коьртара даьхна корталеш цунна хьалха детташ, цӏогӏанца тӏегӏоьртира зударий. Цаьрга а хьуьйсуш, маьхьарий хьоькхура ӏадийначу бераша. И ӏаламате сурт гича, йа къинхетам даг чу иккхинехь а, йа воьхна висинехь а, цхьана минотана вист ца хилалуш висира Смекалов, амма сихха меттавеара.
– Совцаде и йешапаш! – мохь туьйхира цо эххар а.
Дикка къахьийгира поручико Чуликовс, прапорщико Мовсаровс а тийналла хӏотто гӏерташ.
– Хӏун боху цара?
– Шаьш Сибрех дохуьйту бохуш, хезна царна, хьан локхалле къинхетам боьху цара…
Хьаьжайуккъе шад хӏоттийна, хьаьрса цӏоцкъамаш а дусийна, зударшна тӏевирзира инарла.
– И ала гӏерта шу, варраш санна, ӏоьхуш? Шайн дай, кӏентий, майранаш, вежарий ӏаьлбагна тӏаьхьабоьлхуш, хӏунда ца дилхира шу? Сан доцца дош ду шуна. Нагахь шун божарий, ӏаьлбаг, Солтамурд, Сулиман валош суна тӏебогӏу-кх, тӏаккха сан къинхетаме догдохийла йу шун. Ца до-кх цара иза, шайн тӏелхигаш дӏа а хьарчайай, Сибрех даха кечло.
Маьхьарий хьоькху зударий а битина, Элбин а, Чомакхан а гӏоьнца шен сирачу дина а ваьлла, цуьнга чабол эцийтира инарлас. Лагере а кхачале, цунна бицбелира и зударий а, и бераш а. Цо ойла йора керла хӏоьттинчу хьолан. Хӏинцца цуьнга хаамаш