Боьлхура, тийжара,
ЦІийзара пондар,
Цкъа – ненан дог делхош,
ТІаккха – и делош…
Боьлхура пондар, тийжара пондар. Боьлхура, тийжара и наной. Доьлхура лаьмнаш, тийжара хьаннаш мостагӏех шаьш лардеш веллачу турпална, беллачу кӏенташна. Илланчера схьаэцна пондар шен кара а лаьцна, йилхира турпалан къена нана, шен довхачу бӏаьрхиша пондаран тӏехуларчу уьнах ӏуьргаш даххалц. Тӏаккха цӏеххьана севцира ненан бӏаьрхиш. Тӏемалойн тобанна йукъахь кӏентан да лехира цуьнан бӏаьргаша. Иза карийча, цуьнга йистхилира кӏентан нана:
– Хьо хӏунда лечкъина нахана тӏехьа?
Хьо ма вац вистхуьлуш къеначу нене?
Йа хьуна хаац-те, со хӏунда йоьлху,
Хӏун бала хьаьвзина готтачу кийра?
Ахь хӏунда ца дуьйцу, кӏант муха велла?
Мостагӏийн ардангех къонахий летачохь
Накъостийн букъ тӏехьа и лечкъаш лелла-те?
Исс баттахь и кийрахь ас эрна лелий-те?
Йа цунна сайн накха ас эрна баий-те?
Йа къонах кӏант кхио да къонах хиланц-те?
Тӏаккха кӏентан къеначу нанна хьалхахӏоьттира чевнаша верина халкъан баьчча:
– Исс баттахь хьайн кийрахь ахь турпал лелийна,
Турпална ахь шарахь хьайн накха баийна,
Ткъа дас а, ша санна, и майра ӏамийна,
Шарахь сов турпалан ахь ага техкийна,
Даймохк а, вайн халкъ а, маршо а йезаш.
Хьан кӏентан сира дин тӏом халчу хьийзара,
Хьан кӏентан тур-гӏама ткъесаха къегара,
Гоьмукъо, пхерчаша мохаца къуьйсура,
Хьан кӏентан йоьзан тӏарг вотанах декара,
Хьан кӏентан букъ гина мостагӏа вац хьуна.
Чов хилла дарделла цӏоькъалом ва санна,
И дера летара мостагӏийн ардангех,
Шен турпал хьуьнаршца тхо хьалха дуьгура,
Чов хилларг, ницкъ эшнарг мостагӏех ларвора,
Вайн даймохк мостагӏех цо маьршабаьккхина.
Баьччин къамеле ладоьгӏуш, кӏез-кӏезиг нислуш, нисбелира къеначу ненан букара хьаьвзина бакъабелла букъ, серлабевлира кхоьлина бӏаьргаш. Тӏаккха, бармана тӏе а йахана, коьрта тӏера верта хьала а айъина, леррина кӏентан йуьхье хьаьжира нана. Дуткъий балдаш дего доьлча, салазаш тӏеттӏа а таӏийна, сатоха гӏоьртира иза. Амма, хорша йеача санна, йегайора йуткъа чӏениг, бӏаьргех хиш ӏийдалора. Кӏентан йуьхьа тӏе верта а оьзна, тӏехьа лаьттачу зударшна тӏейирзира иза.