хьоьшу. Доцца аьлча, шун таррийн гӏоьнца тхо муьжгий а, хӏара халкъаш а ӏазапехь далладо пачҷахьо.
– Ларлуш хила, салти, – кхерам тесира гӏалгӏазкхичо. – Государана лийча, ас могуьйтур дац хьуна!
– Шаьшшиннен нанна гихь воллийла хьо а, хьан государь а…
– Тоийта, тоийта, – маслаӏатна йукъавуьйлира кхин салти. – Стенна оьшу дов? Шуьшинга къа а ца хьоьгуьйтуш, нохчаша шаьш вуьйр ву шуьшиъ.
– Нохчий-м хьовха, тхан а бац шуьгахьа безам, – ца соцура важа. – Паччахьан йолахой!
– Собар, муьжги, собар! Ас эпсаре дӏакхачор ду хьуна хьан дешнаш-м!
– Дала хьеха! Тхуна мотт бар а, шодмаш йеттар а шун говзалла ма йу.
Церан девнна тӏекхечира къона прапорщик Северцов. Иза полке гӏуллакх дан веана дукха хан а йацара. Петербургски университетехь инженерна доьшуш волу иза дӏадаханчу шеран декабрехь Казанский соборна хьалха хиллачу белхалойн демонстрацехь дакъалацарна, университетера дӏа а ваьккхина, эскарехь гӏуллакх дан кхуза, Теркан областе, ваийтинера. Дуьйцура, Северцовн схьавалар дворянийн доьзалера ду, иза суьдах а, Сибрех вахийтарх а кӏелхьарваьккхинарш цуьнан хьалдолу да-нана а, гергарниш а бу бохуш.
– Йуха а дов деш вац хьо, Петрович? – хаьттира цо девне ваьллачу салтичуьнга.
– Цхьаъ ца дийцича сингаттаме ду, хьан оьздалла.
– Хӏун къуьйсу аш?
– Хӏара станичник ву-кх, шаьш Делан маликаш ду бохуш, дуйнаш бууш. Амма, мел лерина тӏехьежарх, гуш тӏемаш а дац цуьнан дегӏа тӏехь. Цкъацкъа, иблисан санна, коьрта тӏехь маӏаш а, когийн метта бергаш а гуш-м хетало. Нохчий безац шена, боху. Ткъа ас боху, шуна-м муьжгий а ца беза. Цундела царна а, вукхарна а шу а ца деза. ХІокхарна шаьш элий ду моьтту, ткъа муьжгий шайл лахара лайш хета.
– Ой, оццул хьалдолуш ву хьо, станичник? – хаьттира прапорщико гӏалгӏазкхичуьнга.
– Далла бу хастам, даа бепиг ду сан.
Прапорщик царна йуккъе охьалахвелира.
– Ткъа муьжгийн а, хӏокху нохчийн а дац гай йуззош даа бепиг.
– Хир ду, оха санна къахьегахь. Царна лаац къахьега. Муьжгашна – шаьш малончаш хиларна, ткъа нохчий разбойникаш хилар дуьненна а хаьа.
– Иштта ма ала, Агеич, – йукъавуьйлира цигаьрка уьйзу гӏалгӏазкхи. – Гӏалгӏазкхий а бац цхьаъ. Вайшиннан латта ду паччахьна гӏуллакх