– Со кхетац оцу гӏуллакхах, Александр Павлович. Лулахочун цӏа догуш гӏодар-м стеган декхар ду. Амма лулахочуьнга, догуш долу хьайн цӏа а дитий, шена гӏо де бохург а, йа, догуш долу шен цӏа а дитина, лулахочунна гӏодийриг а – уьш ший а дика болх-м бац. Тӏе, Дегӏастанарчу мятежо йуха а цӏе латайо вай халла цӏе йайъинчу меттигашкахь.
Свистунов гӏайгӏане велавелира:
– Хьо-м бакъ, дера, лоьра, Алексей Михайлович. Амма приказ кхочуш ца дича далац. Ас тахханехь Батьяновга приказ лур ду, Козловский коьрте а хӏоттавай, йоккха отряд Нохчмахка хьажайе аьлла. Кханнахьехь хьо а Бенахьа дӏагӏо. Бенойн а, зандакъойн а йартех чим бан беза, кӏелхӏотта тхов ца буьтуш.