гӏортораш, вежарий хилла шу даим а. Тахана а шуьгара вошалла оьшу тхуна. Шу гӏевттинчу дийнахь тхан уггар тоьлла кӏентий шуна гӏоьнна гӏевттина. Ткъа цхьакӏеззиг жӏаьлеш шуна а, тхуна а дуьхьалдевлира. Тхуна ма-луъу, тхуна ма-ттов, тхуна ма-моьтту ца дирзира оха долийнарг. Амма тахана йерриг Дегӏаста гӏеттина. Сийна цӏе кхерста Гунибехь, Гергебилехь, ТилитІлахь, Согӏратӏлахь, Кумухехь, Ахтехь, Акхушехь, массо маьӏӏехь. Цаьрца гӏевттина тхо мостагӏаша хадийна царах. Хьоьга дІакхойкху тхан тхьамданаша тхуна тӏехь куьйгалла дан.
Ӏаьлбага, наггахь корта а таӏош, леррина ладуьйгӏира хьеше. Цуьнан къамел чекхдаьлча, вела а къежна, элира цо:
– Медана-Хьаьжа, оцу дехарца шу схьахьовсош, галбевлла шун тхьамданаш. Хьекъална а, майраллина а сол тоьлуш дукха нах бу Іаьндахь. Кхузахь а сан ницкъ ца кхаьчна сайх тешначу нахана тӏехь куьйгалла дан.
– Хьан цӏейахана лаьмнашкахь, ӏаьлбаг-Хьаьжа.
– Царна ца хаьа ткъа со, гӏорасиз хилла, кӏелвисиний?
– Иза хьан бехк бац, ӏаьлбаг-Хьаьжа. Хьан хьекъал, майралла ца тоьъна ца хилла шун эшамаш. Дуьххьалдӏа паччахьан инарлийн аьтто баьлла хьалхейаккха. Тахханалц хьуна тӏаьхьа ламанан Нохчийчоь, Салатави, ӏаьнда бен йацара. Хӏинца хьал хийцаделла. Хьуна тӏаьхьа йерриг Дегӏаста хир йу.
– Иштта ма ала, Медана-Хьаьжа. Со-м, хьо санна, бодане ламанхо вай. Ткъа цигахь, Дегӏастанахь, гӏаттаман коьрте хӏиттинарш ворхӏе дай элий хилла, оьрсийн ӏилма а хууш, паччахьан эпсарш болуш нах бу. Царах цхьаъ кхайкха, оццул шайн гӏаддайнехь.
– Церан а, тхан а ӏалашо цхьаъ йац, Іаьлбаг-Хьаьжа. Уьш элийн тӏаьхьенаш, паччахьан эпсарш хилар ду тхо вовшех къесториг. Доцца аьлча, тхо тешац царах. Ца теша бахьанаш а ду. Уьш шайн олалла йухадерзо гӏерта. Хьуна цахуург ма дац хӏинцале а Маьхьта-бека, Гӏеза-Ахьмада, Джафар-хана шаьш элий кхайкхийний. Тхо элий хӏитто ма ца гӏевттина, ткъа царна дуьхьал гӏевттина. Тхуна маршо, нийсо, сискал оьшу. Уьш тхоьга йахалур йац, элийн тӏаьхьенаш тхан гӏаттаман коьрте хӏиттийча.
– Шун тхьамданаш хӏунда ца баьхкина дехаре? – хаьттира Раджаб-ӏелас. – Кегийрхой хӏунда бахкийтина цара?
– Тхьамданаш муха богӏу кхуза, Раджаб-ӏела?