къонах ву, моьттина, амма иза бакъ дац. Суна ца догӏу иштта совгӏат, дӏахьо уьш.
Медана-Хьаьжа цецваьлла висира.
– Ахь дуьйцург хӏун ду, ва ӏаьлбаг-Хьаьжа?! Хӏара-м берриг гӏовттамхоша даийтина совгӏат дай!
– Кхин ца дуьйцур вай. Суна догӏуш совгӏат ма дац иза. Баркалла и схьадаийтинчарна а, схьадеанчу шуна а. Суна сайн дин а, герз а тоьуш ду.
– Ой, хӏорш ахь йухадаийтича, халахетар ма ду царна! – воьхна хьаьвзира Медана-Хьаьжа. – Хьо везаш, хьо лоруш ма лелла тхан нах. Ахь куралла йина аьлла, дагадогӏур ма ду царна.
– Куралла стенна хьехайо ахь, Медана-Хьаьжа? Куралла йан, вайгара хӏун хьуьнар даьлла?
Хьешийн дехар ӏаьлбага йухатоьхча, накъосташа а хьовзийра иза.
– Дера, гӏиллакхехь-м дац иштта уьш дӏахьовсо.
– Совгӏат схьаоьцуш гӏиллакх ма ду вайн ворхӀе дайшкара схьа.
– Цхьадерг мукъане а схьаэца.
Вела а велла, корта а хьовзийна, верта схьаийцира ӏаьлбага.
– Хӏара верта дуьту ас. Сайниг доьхна чекхдаьлла. Ткъа говр а, тур а дӏахьо. Вай совгӏатийн дуьхьа ма ца гӏевттина.
Гуьйре тӏекхаьчча, хала хан йолайелира гӏовттамхошна. Гӏа дужуш, йерзинайуьйлура хьаннаш. Наггахь де а ца догӏура декхна. Лакхенгахь, лома кӏел йолчу зандакъойн, бенойн йарташкахь, диллинна дӏа дохк, йочанаш лаьттара. Сентябрь чекхболуш лаьмнаш кӏайдира лайно. Цхьаццанхьа ломан когашка а кхаьчнера иза. Цхьана агӏор, гӏовттамхошна аьтто а бора йочанаша: вочу некъашкахула царна тӏаьхьаталла хала дара паччахьан эскаршна. Амма, вукху агӏор, шелоно а, йерзинайевллачу хьаннаша а ницкъ бора гӏовттамхошна а. Хьалха санна, къайла ца бохура уьш къеначу хьаннаша. ТІегӏертачу шелоно йарташка лоьхкура уьш.
Инарла Смекалов воккхавоьра ломахь диллинчу лайх. Шело цуьнан тешаме гӏоьнча вара.
Чӏебарлан лаьмнийн уггар лекхачу баххьашкахь къайлавала гӏоьртича а ца вуьтуш, цуьнан кӏажаш хьоьшуш, тӏаьхьайаьллачу Аргунски отрядо ӏаьнда вада дезийтира ӏуммин. Цуьнца дерг чекхдаьлла а лерина, паргӏатваьлла, Ведана вирзинчу Смекаловс сихо йира Іаьлбаган тоба йохорна.
Смекаловн приказца, 25-чу сентябрехь Хаси-Юьртара арайаьлла, подполковник Козловский коьртехь Ямсуца хьалайеана Кабардински полкан батальонах,