Къайсара, ураме ваьлча. – Цуьнан а, и санначийн а карахь хӏун ду?»
Чу ца воьрзуш, шайн кетӏахула тӏех а ваьлла, Васалгӏаьрга вахара Къайсар. Геннара дуьйна гира цунна, цхьаъ чоьхьа, важа арахьа а хӏоьттина, бешана гонаха керт йеш воллу дай, кӏанттий.
– Ассалам ӏалайкум! Ирс долуш хуьлда шун болх!
– Ва ӏалайкум салам, Дела реза хуьлда хьуна а!
– Машаллахӏ, хӏара нисделла ножан хьокхий, пхонан серий а! Дӏахилал, жимма болх бе ас.
Къайсарна меттиг а битина, цигаьрка хьарчо хӏоьттира Васал.
– Хьо лаа вуй, Къайсар? – хаьттира цо, цигаьрка а латийна.
– Хортӏас кхайкхина вигнера со.
– Хӏун боху оцу нело?
Къайсара дийцира йуьртдеца шен хилла къамел. Шен дех тера, хьаьрса корта, сийна ши бӏаьрг, къорзо йуьхь йолу Юсуп дарвелира.
– Вехаш-м оцу хьакхин хье йуккъе топ цатоьхнарг вацара!
– Хортӏина топ тохарх нислур дац вайн галдевлла гӏуллакхаш, – човхийра иза дас. – Хӏара ӏедал ду дерригенна бехке.
Дегий, кӏантей дегнашна хьаам а байтина, Васал йуьстахваьккхира Къайсара.
– Кхана Гезал-Эвла говрийн гӏудалкх йахийта, боху соьга. Хьо ца вахча вер вац цига.
– Говраш а, гӏудалкх а йуй ткъа?
– Санний, Болатанний ши говр йужур ахь.
– Къена со воцург, кхин вац вахийта?
Къайсара коьртера охьа когашка кхаччалц бӏаьрг туьйхира Васале. Цуьнан кхузткъа шо делахь, кхин хан йацара, амма иза, дезткъа шарал тӏехваьлча санна, къена хетара. Ло санна, кӏайн йоца маж, къеначу стеган ворта санна, хебаршка ихна деха лаг, чуэгна беснеш, сийна пхенаш тӏе а хевшина, гӏорладоьлла куьйгаш, ӏаддаргӏанах хьаьвзина букъ.
– Хьо ваха веза, Васал. Цхьа эпсарш бу цигара дӏа Хаси-Юьрта бига безаш. Хьан декхар хир ду хьайна оьрсийн мотт хаьий цахаийтар, сонта ву моттийтар, церан багах мел даьлла дош схьалацар. Гезлойн а, Хаси-Юьртан а гӏаьпнашкахь болу ницкъ мел бу хьажар а…
– Хӏета, ахь дийриг омра ду-кх?
– Омра ду иза, Васал. Хьайна некъана дуург-мерг со волчуьра эца. Амма ӏуьйранна хьалххе гӏо. Цига хьалхе мел кхечи, алсам гур ду хьуна.
Васал дуьхьал вист ца хилира. БІаьхочун декхар омра кхочушдар ма ду.
Ӏелагӏеран кетӏахула волуш, кертахь гӏовгӏанаш хезна, чувирзира Къайсар. Кертахь дӏахецаза лаьтташ шина говран гӏудалкх а, хьешех ши стаг а,