Мятежникаш чӏагӏбелла Дуьйран-Коьртехь, малхбузехьара схьа лома тӏебогӏу цхьаболу цхьа некъ къевлина цара, генна хьалха пикеташ а хӏиттийна. Дуьххьал тӏелетарх кхиам хир бац вайн. Цундела, ламанца дахана, мятежникийн букъа тӏехьа а девлла, буьйсанна цӏеххьана тӏелата кхоъ колонна йахийта дезар ду. Хьалхарчу колоннин декхар хала а, жоьпалле а хиларна, иза вовшахтуху уггар майрачу, доьналла долчу шиъ ах бӏе гӏалгӏазкхичух. Цунна коьрте хӏоттаво старшина Рогожин, ткъа капитан Пруссаков – цунна гӏоьнна. Шолгӏа а, кхоалгӏа а колоннаш вовшахтуху куринцех а, тенгинцех а. Церан командираш хӏиттабо капитанаш Виноградов а, Шетихин а. Тӏаьххьара а новкъайолучу колонни тӏехь куьйгалладар тӏедуьллу штабс-капитанна Наумовна. Хьалхара колонна новкъа йолу ӏуьйранна диъ сахьт долуш. ТІаьхьарниш – шишша сахьт йукъа а долуьйтуш. ТІаьххьара кхуьй а колонна суьйранна йалх сахьт долуш Дуьйран-Коьртана гобина хила йеза. Колоннаш цига дӏакхачале ши сахьт хьалха подполковнико Козловскийс шен отрядца Симсарна дуьххьал тӏелатар дийр ду, мятежникаш ӏехо. Операци чекхйаллалц сема тергам латтабе лагерехь болчу туземцашна тӏехь.
– Хьан локхалла, сан отрядехь патармаш кӏезго ду, – элира Рогожина.
– Сан отрядехь къаьркъа дац, – эккхийтира капитано Виноградовс. – ХІокху йочанашна кӏел шелло салтий. ТІе, операце боьлхуш, церан жимма дог-ойла айъа а йезара.
– Иза а, важа а хуьлуьйтур ду, господа. ТІаьхьалонна дитина дерриг къаьркъа а, патармаш а, гулдай, операце боьлхучарна дӏало. Операцехь гоьбевллачарна йала жӏараш а йу кхана-лама схьакхочур йолуш. Кхин хеттарш дуй? Кханалера де тӏаьххьара хила деза ӏаьлбаган гӏеранан. Дехар ду господа эпсаршка. Варийлаш, цхьа мятежник а кӏелхьара ма валийталаш. Тӏе, салташка кхайкхаде, ӏаьлбаган туьпахь гулйина дуккха а хІонс йу алий.
Ӏаьнда вахар ца нисделлачу Іаьлбага догдиллира хӏокху шарахь кхиам хир бу бохучух. Кхоччуш кӏелйиснера Нохчмохк. Ӏа а дара гергагӏерташ. Беркъа бухабеллачу гӏовттамхойн ницкъ бацара ӏаьнан шелонца къийсам латто. Вуьшта а, машаречу хенахь а аьтто бацара царах дукхахболчийн ӏай йуьртара йуьрта баха а.