берданка схьа а эцна, тӏе ка хьаькхира Элсас. – Сан уггар хазаниг, уггар тешамениг!..
– Дехаш хилла цхьа жеро а, цуьнан кӏант а, – долийра Янаркъас. – Хӏинца вайна санна, тӏегӏоьртина шийла Іа. Ткъа ненан а, кӏентан а йургӏа ца хилла. Шайн йолу-йоцу таро а йина, ший а базара дахана и шиъ йургӏанаш эца. Нанас йургӏа эцна, ткъа кӏанта топ эцна. «Кӏант, йургӏа хӏунда ца ийци ахь?» – хаьттина нанас. «Йургӏанал топ оьшу суна», – аьлла кӏанта. Ӏа тӏедеана. Шийла Іа. Нана, шен йургӏанах хьаьрчина, йовха наб йеш хилла, ткъа кӏант, ши ког мере а оьзна, кожал хилла хьаьвзина, вегош ӏуьллуш хилла. «Хьо ма вегош ву, кӏант, хьуна хӏун хилла?» – хаьттина самайаьллачу нанас. «Шел-л-ло, наб ца кхе-кхета», – халла жоп делла кӏанта. «Хьайн топ тӏе а озий, охьавижа, нана йаларг, вохлур ву хьо», – шен йургӏанах хьаьрчина, мерах шок йетташ, наб йан йоьлла нана. Нускалш а дитина, хӏара тоьпаш къастийна вай, Элса. Нускал дагадеача, хӏорш маракъуьйлур вай…
Чеччалхойн дукъара схьадеанчу йоккхачу тоьпан татано хадийра доттагӏийн къамел. Ара а лилхина, дӏахьаьвсира уьш. Амма Яркхсун тогӏи, йерриг раьгІнаш а хьулйина хӏоьттинчу дахкаро ца гойтура хӏумма а. Хӏорш, шайн герз схьа а эцна, туьпа йуккъе кхачале, йуха а дур деара. ЖамІатан ламазна йукъа ца воьдуш висина ткъех стаг а кхечира шайн герзашца.
– Хӏун ду хилларг?
– Иза мичхьара схьайетта?
– Хаац. Шуна а ца хаьа?
– Мичара! Дохк ма ду.
– Хӏорш-м ламазаш деш ма Іа.
Дукха дах ца деш, ламазаш дерзийна, аравелира ӏаьлбаг, цунна тӏаьххье Солтмурд, Раджаб-ӏела, Акхта, Коьра.
– Йоккха топ мичахь йуьйлу? – хаьттира ӏаьлбага.
– Чеччалхойн дукъа кӏел хеза, – жоп делира Янаркъас.
Туьпара массо а, гулбелла, ладоьгӏна севцира.
– Къосам, хьайца пхи стаг эций, гӏой, мостагӏ мичахь ву а, цо хӏун леладо а хьажа. Тозуркъа, хьайца берриг симсархой эций, гӏой, Симсарна лаха маьӏӏехь бердан лакхенга хӏотта. Амма соьгара пурба доцуш топ ма кхосса.
Шеца Янаркъа а, Юсуп а, Михаил а, ши симсархо а эцна, сихха дахкарлахь къайлавелира Къосам. Дукха ца ӏаш, шен ах бӏенца Симсара охьавахара Тозуркъа а. Нахе кечло а аьлла, тхьамданашца кхеташо йан хӏетта чохь ламазаш динчу гӏишло чу вахара ӏаьлбаг.
– Ледарло йалийти