Солтмурдан а ши бӏо ломан когашка ма-боьссинехь, къилбен агӏонца тоьпаш йевлира.
Ӏаьлбаган берриг тидам Козловскийна тӏебирзира. Йуькъачу дахкарлахула, цхьанне а ца тосалуш, кхаа агӏонгахула тӏеоьхура Рогожинан, Виноградовн, Наумовн а колоннаш.
Догӏано дохийначу гӏашнекъашкахулий, йуькъачу хьаннашкахулий меллаша хьалагӏерташ, суьйранна йалх сахьт долуш Дуьйран-Коьрта кӏел кхечира Виноградовн колонна. Хало хьалха йара. ТІулган бердаш тӏе а кхозаделла, йуькъачу хьаннаша хьулбина, буьрса лаьттара Дуьйран-Корта. Оцу тӏе хьалаболуш некъ бацара. Кондарш, диттийн гаьннаш лоьцуш, текхаш хьалагӏертара салтий. Ткъа и ломан басе а йара хьалхарчу буса дилхинчу догӏано, йашийна, лалийна.
Бода болале лома тӏе хьалавала гӏерташ, салтий сихбинера капитано Виноградовс. Амма хьаладовлар меллаша доьдура. Хала Делан балица лакхо ваьлла салти, кол бухйолуш, га каглой, схьалаьцна йа тӏе ког биллина тӏулг меттахболий, йуханехьа чухахкалора. Хотталахь шершара когаш. Колонна ломана йуккъе йаьлча гучуйелира гӏовттамхошна.
Хехь лаьттачу бӏаьхошца цига дӏахьаьдира Іаьлбаг.
– Хӏоъ-молха кхоаделаш! – мохь туьйхира цо, бӏаьхой бердаца охьабийшича. – Герга бахкийта.
Хьалха гучубаьлла салтийн могӏа, цхьатерра тӏе тоьпаш тоьхна, йухабаьккхира цара. Амма, тӏаьхь-тӏаьхьарниш тӏекхуьуш, шуьйрра дӏаса а баьржина, хьалхагӏертара салтий. Цхьанхьара вукхузхьа уьдуш, накъостийн дог-ойла гӏатто гӏертара Елисей. Ша леррина ӏамийна нохчийн дешнаш кхуьйсура цо сих-сиха.
– Тӏетоха йовсаршна!
Хьалагӏертачу салташа цхьатерра тухучу тоьпаша ткъесах къагайора хьун. Цхьа сахьт хьалха Михаилца разведкехь хилла къона симсархо йуьхьарвахна Іуьллура.
– Мажар! Мажар! Схьахьажахьа!
Жима стаг, мара а къевлина, аркъалваьккхира цо. Амма иза вистхуьлучуьра ваьллера. Михаиле хьуьйсура цеце севцца ӏаьржа бӏаьргаш. Багара охьаӏенара дуькъа цӏий.
– Вежарий! Тӏетоха мостагІчунна! – йуха а могӏанца дӏасахьаьдира Елисей. Наггахь, соций, топ тухий дӏатевора цо дитта тӏехьара схьакъедда йа лаьттах хьалакъаьстина дуьхьалонча.
– Ва Янек! Муха ду гӏуллакхаш? – уллошха тӏехъоьккхуш, Янаркъе мохь туьйхира Елисейс.