араиккхинчу ӏаьлбага, лечкъаш а доцуш вахана, йукъа а иккхина, тур тоьхна вожийра хьалха ша тӏенисвелларг. Салтий меттабахкале тӏекхиъначара а вожийра цхьацца. Ницкъаш цхьатерра нисбелча боьхна салтий, маьхьарий детташ, йухахьаьлхира.
– Бевдда! ЦІа чуьра мятежникаш бевдда!
Маьхьарша меттахбаьхна маьӏ-маьӏӏера схьауьдучу салташа, бевддачийн некъ а лоьцуш, саццаза тӏе тоьпаш йеттара. Йуьхьанца оццул бегӏийла нисделла гӏовттамхойн гӏуллакх галделира кхин даьлча цамаггал. Хьалхахьара некъ лаьцнера, йуханехьа бохург хьехочохь а дацара. Амма оцу йоьхначу минотехь дагахь доцу гӏо кхечира бевддачарна.
ХІуъу дина а, доттагӏий кӏелхьарбаха, йа цаьрца цхьаьна хӏаллакьхила дагахь, шайн накъосташца хьуьнан йисте веанчу Елисейна а, Къайсарна а салтийн маьхьарий хезира.
– Бевдда, боху! – мохь белира Елисейн. – Къайсар, хьалхатаӏа!
Цкъа тоьпаш, тӏаккха цхьатерра маьхьарий а тоьхна гӏовгӏа а йаьккхина, салташна чухьаьлхира уьш. ГІовттамхой мел бу ца хуу салтий буьйхира. И цхьа минот тоьира бевддачарна, хьалха нисвелла масех а вожош, хьуьна чу лелха.
ХІетта цига кхаьчна капитан Наумов бага лейан хӏоьттира салташка:
– Хьакхарчий! Шайн карахь болу мятежникийн тхьамданаш дӏахийци аш! Прапорщик Мовсаров! Хьо хӏун деш лаьтта кхузахь, бага а гӏаттийна? Цаьрца барт бина хир бу ахь? Кхана тӏеман трибунала хьалха хӏуттур ву хьо! Йерриг цхьаъ йу шу, акхарой!
– Мохь стенна хьоькху ахь, капитан? – аз айъира Элбис. – Ца го хьуна со, чов хилла…
Наумов цхьана секундана вуьйхира, амма шен дашна тӏера йухавала ца лаьара цунна.
– Хаьа суна. Лен чов-х йаций хьуна хилларг! Операцина тӏехь куьйгалла дан багара ӏаь ца йолуш висинера хьо? Хӏан-хӏа, ахь жоп лур ду мятежникаш кӏелхьарбовлийтарх!
Элбин собар кхачийра.
– Господин капитан, хьо дукха тӏехваьлла! Отрядна тӏаьхьахӏоьттина а ца лелаш, со санна, хьалха а ваьлла схьавеана, ахь леца безара уьш.
– Сацийта! Со хила веззачохь хилла со. Ахь хьеха висина вац!
– Делахь, хьо оццул хьекъале велахь, кхузахь Іоьхуш а ца лаьтташ, сихха тӏаьхьавала. Бӏе гӏулч гена а ца бевлла хьуна уьш.
Тӏекхаьчначу капитано Виноградовс, маслаӏат дина, хадийра цаьршиннан дов.