цуьнан коьрта тӏехь цхьа а къоьжа чо а, йуьхьа тӏехь хебарийн сиз а дацара. Хӏинца тера а вац хӏетахьлерчух. Коьрта тӏе а кӏац тесна. БІаьргийн йистошкахь хебарш гучуйийлла. Аз а ду гӏоргӏа. Деккъа цхьа куьйгаш ду, хӏетахь санна, гӏорладоьлла. Ванех а Иван Андреич хилла. Ма сиха дӏайоьду-кх хан, йаха-м!
Хӏума йиъначул тӏаьхьа а дуккха а ӏийра доттагӏий къамелаш деш. Делкъал тӏаьхьа Хортӏин Асхьад веара, пхьераш схьакхаьчна аьлла, хезна. Чохьболчаьрга могаш-паргӏат а, йа хьеший схьа муха кхечи хаттар а доцуш, шен гӏуллакх долийра цо.
– Дуьло, дӏадоьлху вай.
Иван Болате хьаьжира.
– Хӏорш кхузахь буьсур бу, – элира вукхо.
– Кхузахь а битина, хӏокхаьрга набарш йойтийла дац сан. Цхьаъ вогӏуш, важа вогӏуш, нехан гӏуллакхаш деш ӏийр бу. Ас чохь ӏен шайнна цӏа кечдина хӏокхарна.
– Къен делахь а, хьешана цӏа доцуш дац тхо а. Дала мукъалахь, тахана цкъа йаа сискал а йу.
– Же, кечло!
– Тхо кхузахь дуьсур ду, Асхьад. Тховса мукъане а.
– Даиманна а, – тӏетуьйхира Болата.
– Дика ду, – цкъа Болате, тӏаккха хьешашка гома хьаьжира Асхьад. – Амма дуьнен чу садаьржаш балхахь хуьлда шу.
– Оха хьан болх тӏелаьцна, ахь тхуна мах а хӏоттийна. Тхо миччахьа ӏахь а, балхана са ма гатделахь. ХІетте а, дӏадогӏур тхо. Тхаьшна ӏен атта хир ду тхуна.
– Иштта дийцал аш. Хӏета, кхана ӏуьйранна малх схьакхеташ кийча хила, меттиге хьовса гӏор вай. Іодика хуьлда шун!
Асхьад араваьлча, вовшашка хьаьвсира чохь бисинарш.
– Хало хир ду шуна цуьнца болх бан, – элира Васала, корта а хьовзийна.
– Иза вицвийр ву цуьнан дас, – тӏетуьйхира Къайсара.
– Хӏумма дац, Васал, – элира Яшкас, – тхуна дукха гина саьрмакаш. Хӏара шуьнаш-м кӏорнеш йеца.
– Говраш паргӏатйаьхний ахь? – хаьттира Болата неӏарх чухьаьжначу ӏумаре.
– Хи а малийна, хІоъ белла.
– Цхьанхьа валий, сийно йол лахахьа.
– Іусман вахийтина ас.
Шайн гӏуллакхаш йукъахдитина веана Васал а, Къайсар а дӏаваха тохавелира.
– Тхойша, жимма ӏийна, йухавогӏу хьеший дӏабига, – элира Къайсара, цӏа а вахана, хьеший тӏеэца кечамбан дагахь.
И шиъ дӏавоьдуш, тӏаьхьаваьллачу Яшкица кетӏахь сецира Васал.
– И шуьшинца верг мила ву? – хаьттира цо.
– Сан накъост ву-кх иза а.
– Хьан накъост вуйла-м, хаьара суна. Хьалха