хьаьжира Тозуркъа. – Тхуна гайта кхин некъ буй хьан?
Іаьлбаг цец ца велира церан жоьпах. Иза кхечу агӏор хуьлийла а дацара.
– Аш дуьйцург къонахийн хабар ду, кӏентий, – элира цо, массаьрга а ла а доьгӏна. – Гӏиллакхе, йохье девлла, хӏаллакьхила бакъо йац вайн. Стенна оьшу иза? Хьанна хаьа, шо, ши шо, итт шо даьлча, йуха а маршонан гӏуллакхна хьашт хила ма мега шу. Къонахий денна ца бо наноша. Уьш шарахь цхьаъ-шиъ волу халкъалахь. Шаьш кхоо деза аш, кӏентий. Дуьхьало эрна йу. Тахана ӏумма-Хьаьжера хаам кхаьчна соьга. Іаьндара масех бӏе стаг валош, Чӏебарла йухавеанера иза, амма йуха а эшам хилла, вай санна, масех стагаца ведда лела. Шайна луург, шен кӏелхьарвала меттиг берг кӏелхьарвала. Органал дехьахь, Теркйистехь, Гӏалгӏайчохь, Гуьржех а, Хӏирийчохь а хӏокху меттигашна генахь къайладовла. Мелла а хан йалийтина, шайн йарташка йухадоьрзур шу. Хьанна хаьа, вайна оьгӏаздахана ӏедал а хенан йохалла додала а ма мега.
– «Шу» бохуш ма ӏа хьо даим а, айхьа ден дерг ма дац хьан дуьйцуш?
Шен дакъаделла лилхинчу балдех шога мотт хьаькхира ӏаьлбага. Цхьана йукъана лаьттан бӏаьра вогӏавелла а Ӏийна, тӏаккха сацамболлуш вистхилира иза.
– Со Дегӏастана воьду, кӏентий. Шуна ма-хаъара, масех де хьалха цара дӏавехна со. Тӏаьххьара минот тӏехӏотталц лата лаьа суна. ТІаккха ша хирг хир ду.
– Ой, тхо дахка ца мега хьоьца?
– Хӏан-хӏа, – корта хьовзийра Іаьлбага. – Соьца дахка мегар дац. Цкъа-делахь, вай дерриг цхьаьний дахалур дац цига. Шолгӏа-делахь, ас санна, аш а, хӏораммо ша вол-волчохь ойла а йина, шайн лаамехь сацам тӏеэца лаьа суна. ДІасагӏо. Ойла а йай, дерриг дустий, озий, тӏаккха шайна шайн даго хьоьххург де. Ас сайн вежаршна а пурба лац сайна тӏаьхьахӏитта. Ас ма-аллара, шех къинхетам бийр бу аьлла хетарг ӏедална тӏегӏо, ӏедалан кхинхетаме догдохуьйла йац аьлла хетарг цхьанхьа генахь къайлавала. Къийсамехь вожар шен декхар хетарг, ша хӏоттий, суна тӏаьхьа Дегӏастана дӏавола. Амма тахана суна тӏаьхьара дӏадовла. Сан тӏаьххьара дош ду иза.
Шена хьалхара нах дӏаса а теттина, ӏаьлбагна хьалха хӏоьттира Акхта.
– Хӏан-хӏа, ӏаьлбаг-Хьаьжа, тӏаьххьара дош-м тхан хир ду, – элира цо, ӏаьлбаган бӏаьргашна тӏе